Цхьа а ца туьйлира

Россин Премьер-лигин чемпионатан 10-чу турехь Нохчийчоьнан футболан коьрта команда ГIезалойчоьнан пачхьенехь «Рубин» командица левзира. Юьххьехь билгалдаккха деза цаьршинна юкъахь хуьлуш долу цхьаьнакхетарш даима а ирачу къовсамехь дIадоьлхуш хилар. Цунна тоьшалла до «Рубинний» «Ахматаний» («Терек») юкъахь хилла 11 цхьаьнакхетар цхьа а ца оьшуш дирзина хиларо. И шатайпана ламаст дохо гIоьртира хIусамдайн коьрта тренер А.Слуцкий. Амма соьлжагIалахой а бацара оцу ламастана башха реза. Уьш а бара толам баккха лууш.

Делахь а, хьалхарчу таймехь кхиаме кхача аьтто ца белира я «Рубинан» а, я «Ахматан» а футболистийн. Ирачу къийсамехь, рогI-рогIана вовшашна тIелатарш деш чекхъелира и тайм. ШолгIачу таймана юьххьехь «казанхойн» аьтто белира вайн кевна чу буьрка тоха – 1:0. Оцу хьоло карзахбехира «Ахматан» футболисташ. ХIинца церан тIелатарш хьалха хиллачул ира а дара, кхераме а дара хIусамдайна

Ишттачех цхьа тIелатар юхатухуш кIоршаме левзира «Рубинан» футболист, хьалха а кIоршаме ловзарна суьдахочо «можа» кехат гайтина волу. ШолгIа а «можа» кехат а гайтина, суьдахочо майданара дIаваьккхира иза.

Цул тIаьхьа, цхьа-ши минот ялале шайн гIуданан майданахь юха а кIоршаме ловза дийзира хIусамдайн, вайн футболист охьа а тухуш. Суьдахочо «Ахматана» бакъо елира 11 метран билгалонера церан кевнна гIуданан тохар дан. Оцу бакъонах буьззина пайда а оьцуш, жамI дIанисдира Г.Мелкадзес – 1:1. Толаме кхача «Ахматан» футболисташ герга хиллехь а, «Рубинан» футболистийн ницкъ кхечира уьш шайн Iалашоне ца кхачийта. Цу тайппана, цхьа а ца тоьлаш, жамI кхин хийца а луш, чекхъелира и матч, доха ца делира ламаст а.

  ХЬ.САЙДАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: