Веданан кӀоштара Хой тойина схьаелларан гурашкахь дӀаяьхьира «Нохчийн хелхар – 2020» нохчийн къоман хелхаран хӀора шеран республикин фестиваль-конкурс. Конкурсан коьрта Ӏалашо яра тӀекхуьучу чкъурана нохчийн хелхар Ӏамор. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, иштта кхиболу хьеший. Конкурсехь къовсалуш бара Нохчийн Республикин пачхьалкхан а, кӀоштийн а хелхарийн ансамблийн векалш (верриге 50 сов стаг).

Хелхадолуш долчу хӀора йоӀа а, кӀанта а хьовсархошна шайн хелхаршкахь гайтира вай къоман хелхаран хазалла а, башхалла а. Хелхаран тоьлла тобанаш къастош яра бевзуш болчу хелхарчех лаьтташ йолу конкурсан комисси.
Оцу комиссин декъашхоша бинчу сацамца хелхарийн тобанашна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира Соьлжа-ГӀалин культурин департаментан векалша Байсаров ЖӀовхара, Муртиева Зульфияс, шолгӀа меттиг – Шуьйтан кӀоштарчу Истамулов Ислам, Баматгериева Маьлх-Аьзнис. Ткъа Теркан кӀоштарчу Хаджимурадов Жабраила, Дукаева Ӏалета – кхоалгӀа меттиг. Говзанчаша юкъахь хьалхара меттиг яьккхира «Вайнах» хелхаран тобанна юкъарчу Абубакаров Адама, Межидова Асета а. ШолгӀа меттиг – «Нохчо» ансамблана юкъарчу Хатуев Зелимхас, Дадаева Айзас. КхоалгӀа меттиг – «Вайнах» хелхарчаша Хазиев Искандера, Астамирова Миланас.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу регионан юкъараллин фондо фестивалан Гран-При яьккхинчу «Нохчо» хелхаран тобан векалшна Шахбиев Лом-Ӏелина а, Байсарова Маретана –1 миллион сом ахчан совгӀат дира, иштта хьалхара меттиг яьккхинчунна – 500 эзар сом, шолгӀа меттиг – 300 эзар сом, кхоалгӀа – 200 эар сом.
МУСЛИМОВ Абу