Цхьа-ши дош…

Иракан герзашца кечбинчу ницкъаша Тикрит а, Рамади а гIаланашкара «Исламан пачхьалкхан» гIеранаш дIалахкаран Iалашонца тIемаш бу хIокху деношкахь дIахьош.

***

Шеман Iедалан гIолоцуш болчарна дуьхьал йина санкцеш кхин а цхьана шарна яхйина Евросоюзана юкъайогIучу пачхьалкхаша.

***

ТIаьхьарчу хенахь лахделла догIу США-хь мехкадаьтта даккхар. Цуьнга хьаьжжина лахлуш ю цуьнан тIаьхьалонаш а. ТIаьхьарчу цхьана кIирнах мехкадаьттан тIаьхьалонаш цигахь 2,802 миллион баррельна лахъелла.

***

Йеменехь дIабоьдуш болчу граждански тIамах кIелхьаравоккхуш Россин а, СНГ-н а 130 сов гражданин оцу махкара Москва схьавалийна Россин кемано.

***

Украинин Президента П.Порошенкос дIахьедина мехкан малхбалехь долчу эскарийн барам ша 50 эзар сов бIаьхочуьнга дIакхачийна хилар. Даррехь гуш ду иза тIамна кечлуш хилар.

***

Россин Президента В.Путина шайн корматаллин дезчу денца декъалбира махкара дозанхой. Оцу денна лерина дIадаьхьначу даздаршкахь дакъалецира мехкан Президентан Администрацин куьйгалхочо С.Ивановс.

***

Россин Президент В.Путин цхьаьнакхийтира юьртан бахаман министраца А.Ткачевца. Цара дийцаре дира регионашкарчу АПК-шна финансировани ярехь нислучу чолхенийн хьокъехь долу гIуллакхаш.

***

Вайн мехкан Премьер-министра Д.Медведевс дакъалецира Казахстанехь дIадаьхьначу СНГ-н а, ЕАЭС-н а правительствон куьйгалхойн кхеташонехь.

 

***

Россин а, Индин а оборонийн министраша дийцаре дира герзаш дохкаран а, тIамна дуьхьало ярехь цхьаьна болх баран а хьокъехь долу гIуллакхаш.

***

Мехкан регионашкарчу къинхьегаман рынкехь долу хьал тодарна 635 миллион сом ахча хьажо сацам бина Россин правительствос.

***

Украинера «Нафтогаз» Россерчу «Газпромана» 29 миллиард долларна декхар яхана. И декхар такха ницкъ болуш яц иза…

***

Россельхознадзоро бакъо елла Иранерчу ялх предприятийн кхачанан сурсаташ а, промышленни товараш а вайн махкахь дохка.

***

Шеран юьххьехь хилла инфляцин барам Россехь лахлуш боьдуш бу. Говзанчашна хетарехь, шеран хьесапехь иза 11 проценте кхочур ю.

 шот, 30 май, 2015 шо, № 59

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: