Кадыров Рамзана деза совгIаташ дира «Терек» СОБР-н белхахошнa

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Россин ФСВНГ-н Нохчийчохь йолчу урхаллин «Терек» СОБР-н куьйгалхошца а, бIаьхошца а. «Россин спецназхоша хIокху кIиранах билгалдаьккхира шайн корматаллин деза де – Росгвардин сихха гIуллакхаш даран леррина отряд кхолларан де. Ас бIаьхошна баркалла элира бакъонан къепе а, кхерамазалла а хилийтарна кхачоярехь хьекъалца а, корматаллица а, хаарца а гIуллакхаш дарна, белхан декхаршна муьтIахь хиларна, церан майраллина, лаккхарчу патриотизмана», – яздина Кадыров Рамзана «ВКонтакте» йолчу шен агIонехь.

Нохчийн Ре спубликин Куьйгалхочо дагадаийтира Нохчийчохь «Терек» СОБР, бакъонца уггаре а тоьллачех цхьаъ нуьцкъаллин подразделени хилар. «Цуьнан белхахой тIехдика кечбина, нуьцкъала, майра, бIокъажор боцуш бIаьхой бу. Суна царах хIора а вевза. Чекхдевллачу шерашкахь, кхечу нуьцкъаллин структурашца цхьаьна, «Терек» СОБР-о доккха маьIна лелийна дуьненаюкъара террористаш хIаллакбарехь. Цуьнан чоьта тIехь ю кхиамца дIаяьхьна бIеннаш леррина операцеш», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.

Цхьаьнакхет арехь ре — спубликин Куьйгалхочо совгIаташ дира подразделенин белхахошна. Полицин полковникна Ибрагимов Хьасанна, полицин лакхарчу лейтенантана Кадыров Iабдул-Керимана, полицин подполковникна Шахтамиров Хьамзатана, полицин майорашна Чучхаджиев Валидана, Дакашев Зелимхина Нохчийн Республикин лаккхара совгIат – Кадыровн орден елира. «Терек» СОБР-н а, АхьмадЮьртарчу Кадетийн корпусан а командирашна Вайханов Абусупьянна а, Эдилов Илесана а «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров АхьмадХьаьжин иэсан» мидалшца совгIаташ дира. Кхин а 18 белхахочунна «Нохчийн Республика ларъярхо» мидалш елира. Иштта, Кадыров Рамзана лерринчу подразделенина ши машен а елира. Цаьрца СОБР-на совгIат дира Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо баркаллин дешнаш элира республикин Правительствон председателан заместительна Висмурадов Абузайдана а. «Цуьнан цIе, дIакъасталур йоцуш, йоьзна ю СОБР-н кхиамашца. Цуьнан куьйгаллица «Терек» шен хенахь дика кечйина, тIамна хьуьнаре йолу Росгвардин леррина подразделени хилла дIахIоьттира», – элира Кадыров Рамзана. Спецназхойн кхул тIаьхьа а балха тIехь баккхий кхиамаш хуьлийла, дахарехь аьтто хуьлийла шена лууш хилар хаитийра Нохчийчоьнан Куьйгалхочо цхьаьнакхетар дерзош. Д.Анадев

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: