Соьлжа-ГIаларчу «Буьрса ГIап» автодромехь дIадаьхьира «Akhmat Race – 2020» даккхий автотранспортан къийсадаларш.
Уьш лерина дара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна.

Къийсадаларийн кепашца нийса а догIуш, масех сахьтехь командаша гонаш дохуш хехка езаш яра машенаш.
Толам баккхарехь къийсам дIахьош бара автотранспортан тайп-тайпанчу дисциплинашкахула мехкан а, дуьненаюкъарчу а къийсадаларийн чемпионаш хилла болу спортсменаш.
Машенаш хахкар деа сахьтехь дIадаьхьира. ТIаьххьара минот тIекхаччалц къаьстина дацара хьалхара меттиг хьан йоккхур ю. Толам баккхарна герга яра масех экипаж. Делахь а, и аьтто белира Алешин Михаилан а, Ременяко Денисан а экипажан. Хьалхара меттиг цу шимма яьккхира. И шиъ «Capital RT» командера ву.
Ткъа командашна юкъахь, «S1600» тобанехь, Россин чемпионатехь дакъалоцуш хиллачу вайн «AKHMAT Racing Team» командо хьалхара меттиг яьккхира. Шеко йоццуш боккха кхиам бу иза. Вайн команда корматаллин тIегIане хьалхаяьлла масех шо бен цахилар хьесапе эцча, баккъал а, вай дозалла дан дезаш толам бу цара баьккхинарг.
Хь.Саидов