Нохчийн Республикин Яздархойн союзо хIокху деношкахь Айдамиров Абузаран цIарах йолчу Къоман библиотекехь дIаяьхьира Соьлжа-ГIалин 202 шо кхачарна а, Захаров Петр дагалацарна а лерина конференци.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, коьрта редактор Ирисханов Iимран, техникин Iилманийн доктор Батаев Дени, къоман библиотекин директор Исраилова Сацита, ткъа иштта, яздархой а, поэташ а, лакхарчу дешаран заведенешкахь доьшуш болу студенташ а.
Конференци дIахьош йолчу поэтессас, республикин Яздархойн союзан правленин декъашхочо Халикова Асета, конференцин Iалашонах а, мехаллех а лаьцна, доцца къамел динчул тIаьхьа, дош делира Ибрагимов Кантина.
Цо кIорггера хьесапаш деш, ша бина талламаш бовзуьйтуш Соьлжа-ГIалин а, Захаров Петран а кхолламех долу мехала бакъдерш довзийтира.
Цо аьлла ма-хиллара, вовшашца боьзна бу Соьлжа-ГIалин а, дуьненна а вевзаш волчу суртдиллархочун Захаров Петран а кхолламаш.
Соьлжа-ГIала йиллинчу юьххьехь кхузахь мелла а хан яькххина кIанта ЕрмоловгIеран доьзалехь. Кхузара Тифлисе а, цигара Санкт-Петербурге а кхаьчна иза.
Цунах а, дуккха а кхечунах а лаьцна дара К.Ибрагимовн чулацаме къамел.

Шен къамел чекхдаьллачул тIаьхьа, Нохчийчоьнан Яздархойн союзан председатела «Петр Захаровн» мидалца а, книгица а совгIаташ дира Исмаилов Абуна, Цуруев Шерипана, Дадаев Сайд-Хьасанна, Минкаилов Эльбрусана.
ТIаьххьарчунна ахчанца совгIат а дира. Иза могаш воцуш хиларца доьзна, Яздархойн союзан куьйгалло, Эльбрус волчу цIа а дахана, дIаделира и совгIат.
Цул тIаьхьа къамелаш дира Батаев Денис а, Борхаджиев Хож-Баудис а, Исмаилов Абус а, кхечара а.
Къоначу поэташа шайн байташ а йоьшуш, эстрадин артисташа иллеш а олуш, эшарш а локхуш чекхъяьккхира конференци.
Шеко йоццуш, кхузахь дакъалоцуш хиллачу студенташна дуккха а керланиг девзира кхузахь вайн пачхьенах а, Дади-Юьртарчу нохчичух, суртдиллархочух Захаров Петрах а лаьцна.
Д.Сайдаев