Гуннаша IV-чу бIешарахь малхбузехьа боьду некъ юьхьарлоцучу хенахь, кхидолу дуккха а халкъаш а, тукхамаш а санна, шайна юкъаозийра хазараш а. БогIуш лаьтташехь хазараша дIалецира Каспин йистошца а, Дон хин йистошца а йолу аренаш. Оцу мекашкахь уьш цига кхачале хьалха олалла деш дара туркойн мотт буьйцуш долу тукхамаш, шайна юкъахь савираш а, булгараш а, кхиберш а болуш.
Дуккха хан ялале и дерриге а тукхамаш, ткъа иштта Къилбаседа Кавказехь хьалха дуьйна дехаш хиллачу халкъех дукхахдерш Туркойн каганатана юкъадахара. Оцу каганата юкъахь а болуш, хазараш йозуш йоцу политика лело буьйлабелира. Ткъа каганат йоьхна дIаяьлча, VII-чу бIешеран хьалхарчу кхоалгIачу декъехь Къилбаседа Кавказан къилбаседамалхбалерчу декъехь Хазарийн пачхьалкх кхоллаелира.
Дагестанерчу Iилманчаша чIагIдарехь, VII-чу бIешеран чаккхенехь хазараш, коьрта долчу декъана Малхбалерчу Кавказехь олалла деш бара. Цара олалла дечу меттигашна юкъайогIура Дербентана тIекхаччалц йолу Каспи хIордан бердайистаца йолу аса. IХ-чу бIешарахь Хазарийн каганатан дозанаш кхин а шорделира. ХIинца уьш къилбехь Сулак хи тIекхаччалц дара, ткъа малхбузе агIор оцу пачхьалкхо ГIобан йистошца а, Азовн йистошца а йолу аренаш, ГIирмин цхьа дакъа, Дон хин йистош дIалаьцнера.
Хазарийн каганатан пачхье яра юьхьанца Семендер. Иза йоккха шахьар яра. Къилбаседа Кавказзий, къилба-малхбалера Европий, Идалйисттий цхьаьна юьзуш болчу махлелоран некъаца яра Семендер. Цул сов, Къилбаседа-Малхбале Кавказехь кхин а гIаланаш яра церан (Варачан, Чунгарс, Беленжер. Уьш ерриге а хIинцалерчу Дагестанан махкахь яра). Билггал Семендер мичахь хилла цхьанна а хууш дац цкъачунна. Бакъду, дукхахболчу талламхоша Семендер а, таханлера Тарки юрт а цхьаъ лору. И юрт Дагестанан коьртачу шахьарна ХIинжа-ГIала (Махачкала) уллехь ю.
ЦIеяххана волчу историкана Л.Н.Гумилевна хетарехь Семендер шахьар Нохчийчуьрчу Шелковски станицин юххехь хиллехь. Цо дийцарехь цигахь яккхий гIаланаш, чIагIонаш хилла. Цуьнца цхьаьна дика хууш ду VIII-чу бIешеран юьххьехь Хазарийн коганатан пачхье Итиль гIала хилла хилар. Ткъа иза Волга (Идал) хи Каспи хIордах дIакхетачу меттехь хилла. Делахь а, Х-чу бIешеран (965 ш.) шолгIа дакъа тIекхаччалц Семендер йоккха махлелоран туш хилла лаьттина. Иза хьахийна Каспи хIордан йистошца цу хенахь дIасалеллачу Iилманчаша.
Шаьш урхалла дечу махкахь даима а машар а, синтем а хилийта гIиртина хазараш. Уьш меттигерчу бахархойн ярташ а, кIотарш а чIана яхаран, хIаллакьяран некъ (политика) къобалбеш ца хилла. Цара кхачаме лерина цаьргара ясакх яккхар, уьш гатбина а ца хьийзош. Цундела чIагIдо Iилманчаша хазараша халкъашна ницкъ беш ца хилла бохург. Iилманчаша хазарашца дузу лаьмнийн кIажошкахь хилла ярташ кхиар а, оцу ярташкахь бехаш хиллачара аренаш юьйш-лело йолаяр а.
Иштта, археологин ахкарш даро гайтина VII–VIII-чуй бIешерашкахь кхузахь дехаш хиллачу адамаша латталелор а, даьхнилелор а карадерзийна хилла хилар. Цу тIе аренашца долчу латтанашкахь сурсаташ кхиош хилла хи а дуьллуш. Цунна тоьшалла до Теркан а, Сулакан а йистошца йолчу меттигашкахь татолаш дахаран, хидилларан дуккха а гIирсаш карийна хиларо.
Масала, хазарийн оьмарехьлера Лакха-Чири-Эвла, Эндери юрт (Нохчийчоьнан дозанна юххехь йолу) лаьттинчу меттигашкахь ахкарш дича тайп-тайпана пхьоланаш деш хилла пхьалгIанаш карийна. Аьлча а, церан лар карийна-кх. Оцу пхьалгIанашкахь эчигах гIуллакхдеш а хилла, эчиг лалош а хилла. Цигахь эчиг лалийча бухайисина юкъ карийна археологашна. И карийна а ца Iа. Эчигах тIеман а, къинхьегаман а гIирсаш беш хилла хиларна тоьшалла деш хIуманаш а карийна. Царна юкъахь ю гIоьмукъна буьххье йохкурш, цхьа дитт долу тарраш, гIагI, кхиерш. Цуьнца цхьаьна йоьзах, детих, деших йина чIаггаш, мухIарш, доьхканан, мIерий, чухьожу куьзганаш, и.дI.кх. Делахь а кхечу хIуманел а алсам карийна археологашна кхийра хIуманаш: пхьегIаш, кхабанаш, кхиерг. Лаккхара дикалла йолуш хилла кхузарчу куьшчаша еш йолу кхийра хIуманаш. Цунна тоьшалла до уьш йоттуш лелош хиллачу пешаша а. Хетарехь, оцу пешашкахь йоттуш хилла хазарийн хIолламех лоруш йолу сирдиллина кхийра пхьегIаш. Уьш карийна Дагестанан лаьмнийн кIажошца йолчу меттигашкахь а, Нохчийчохь а.
Гуш ма-хиллара, шех «хазарийн оьмар» олучу муьро (VI-гIа бIешо – Х-чу бIешеран шолгIа дакъа) мехала лар йитина Къилбаседа Кавказан халкъийн исторехь, цу юкъахь нохчийн а, гIалгIайн а исторехь. Регионера хьал цхьанаэшшара дика хилла цахиларо нохчийн а, кхечу халкъийн а Хазарийн каганатах дозуш хилийта дезна. Оцу хьоло сихдира Къилбаседа Кавказера политикин хьал цхьанаэшшара латтар. МеттахIитто долийра хьалха хилла махлелоран некъаш. Шордала доладелира латталелор, даьхнилелор, кхиа доладелира металлах гIуллакхдар, пхьоладар, кхийра хIуманаш яр. Оцу дерригено а сихдира производственни ницкъаш кхиар, юкъаралла социальни екъаялар. Вуьшта аьлча, адамаш хьалдолчаьргий, къечаьргий декъадала дуьйладелира. Хийцаелира адамийн вовшашца йолу юкъаметтигаш, къаьсттина аренашца дехаш долчу хьалкъийн а, тайпанийн а. Оццу хенахь Къилбаседа Кавказан халкъаша дIадолийра шайн дозуш цахиларехьа къийсам дIабахьар. Цара къийсам дIахьора хазарашна а, ткъа иштта Iаьрбийн халифитана а дуьхьал. Къилбаседа Кавказера халкъаш, цу юкъахь нохчийн халкъ а, цхьаьннан а олалли кIелахь хила лууш дацара. Уьш, даима санна, маьрша даха, кхиа лууш дара шайн махкахь…
Багаев Муса, историн Iилманийн доктор