Нохчийн меттан кханенах доглозучу нахана доккха хазахетар хилира стохка 2019-чу шеран асаран (июнь) беттан 19-чу дийнахь Нохчийн Республикин Правительствон №180 йолчу сацамца Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Дешар кхиоран институтах Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институт ярх.
Нохчийн халкъан кхолламехь а, оцу маьӀнечу хиламехь а доккха дакъа лаьцна вайн республикин Дешаран а, Ӏилманан а министра Байсултанов Идриса.
Институт, цкъачунна аьлла, Соьлжа-ГӀалин мэрин Дешаран департаментан гӀишлонна чохь дӀатаръелла яра. Институтана шен долахь хӀусам хилийтарехь а доккха накъосталла дина министра. Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтана шена къастийна йоккха гӀишло елла (хьалха №6 йолчу училищенхилларг). Карарчу хенахь цигахь дӀахьош ремонтан белхаш бу.
Оцу гӀишло чохь, бан беза белхаш билгалбахаран Ӏалашонца, Дешаран а, Ӏилманан а министран Байсултанов Идрисан тӀедилларца, Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан директор Умхаев Хьамзат, шеца цхьаьна Дешаран а, Ӏилманан а министран заместитель Хамзатов Муса волуш, леррина цига ваханера.
Институтан инстаграмерчу агӀонехь Умхаев Хьамзата билгалдоккху: «Дала мукъ лахь, хӀара шо чекхадалале хӀокху гӀишлонна чохь дӀаболийна ремонтан белхаш чекхбохур бу. Бакъдерг аьлча, ахча ца хилча цхьа а гӀуллакх а чекхдаккхалуш дац. И гӀуллакх а Байсултанов Идриса лерринчу тергонехь латтор бахьанехь а, цуьнан гергарлонийн а, таронийн а беркатца цхьалхадаьлла. Боккха юьхькӀам бу институтан шен долахь гӀишло хилар а, цунна кхузаманан лехамашца догӀу куц нисдайтар а. Дала мукъ лахь, институтан белхахоша а дакъалоцур ду шайга далур долчу гӀуллакхехь».
Ала долийнначуьра билгалдаккха лаьа, Байсултанов Идриса Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтана компьютерш а, цуьнца техникин цхьаболу гӀирсаш а эцна хилар.
БӀегийла хьелаш долу шен гӀишло а хилча, техникица кхачо йина а хилча, дуьсуш дерг – даггара къахьегар ду.
Нохчийн маттаца шайн дахар, кхоллам боьзна болчу Ӏилманчашна, яздархошна, хьехархошна, журналисташна, Даймохк а, цуьнан хиндерг дагах кхетачу хӀора а нохчичунна хаза кхаъ бу Нохчийн мотт кхиоран институт хилар а, цуьнан шен кхерч хилар а.
Дела реза хуьлда и хийцамаш барехь къахьегначу министрана Байсултанов Идрисана!
Нохчийн халкъан исторехь а дуьххьара ду нохчийн мотт кхиорна иштта ларам беш хилар.
Балхана дог-ойла гӀаттайо ишттачу хазахетаро.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА