Эсаран (октябрь) баттахь Нохчийн Республикехь схьайоьллур ю похIмечу берийн дуьххьарлера туш. Иза схьаеллар Къоман «Дешар» проектан гурашкахь хир ду. Иштта хаам бо Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон пресс-службо.

«ПохIме бераш гучудахаран, церан хьуьнарш кхидIа а кхиоран туш хир ю иза. «Сириус» дешаран туьшан балхана тIетевжина кхуллуш ю туш.
Дешаран а, Iилманан а министран заместитела Усманов Ахьмада билгал ма-даккхара, кхитIе долчу дешаран йоццачу юкъанна лерина «Спорт», «Iилма», «Культура» дакъошкахула программаш кхочушйийр ю туьшахь.
Дешар терахьийн кепе дерзорхьама республикин 102 школехь оьшуш болу гIирс дIахIоттош белхаш а бина. Къоман «Дешар» проект 2019–2024-чуй шерашна лерина ю. Иза кхочушъян билгалдаьккхинарг 784,5 миллиард сом ду. Россехь дешаран дикалла лакхаяккхарехь доккха гIо хир ду оцу проектех.
З.Хизирова