Дистанционни кепехь Ӏамораш

Россин МЧС-н 30 шо кхачарна лерина Къилбаседа-Кавказан федеральни округан регионашна юкъахь къийсадаларш дIадаьхьира. Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикера студенташа а.

Къийсадаларийн коьрта Ӏалашо яра студенташна бохамах кӀелхьарадахаран гӀирсех а, техникех а пайдаэца Iамор, кхузаманахьлера кепаш йовзийтар, кегийрхойн физически спортана а, культурина а юкъаозор. Къийсадаларш масех декъе декъна дара: хьалхара гӀо даран, лазийнарг кӀелхьарваккхаран, бохамах кIелхьардахаран гӀирсашца болх бан хаар, леррина садаӀар лардеш долу духара тӀедухар.

Къийсадаларш дистанционни кепехь дIадаьхьира. Дакъалацархоша яьхначу видеокийсакийн мах хадор бу жюрин декъахоша. Толам баьккхинчера аьтто хир бу Къилбаседа-Кавказан федеральни округ Россин тӀегӀанехь йовзита.

МУСЛИМОВ Абу

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: