Кадыров Рамзан: Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан университет дуьненахь а уггаре а тоьллачех цхьаъ ю

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Россин Iилманан а, лаккхарчу дешаран а министр Фальков Валерий а хилира академикан М.Д.Миллионщиковн цIарахчу Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан 100 шо кхачарна леринчу даздаран гуламехь. Даздарш дIадаьхьира Омаев Дагунан цIарахчу даздарийн цIийнехь. Цигахь иштта дакъалецира Россин Iилманан Академин президента, академика Сергеев Александра, Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Правительствон Председатела Хучиев Муслима, кхечу официальни наха.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вузан куьйгалхой а, ткъа иштта коллектив а декъалйира юбилейца «Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан университето ша болх бечу бIешарахь халкъан бахаман тайп-тайпанчу дакъошна 60 эзар сов говзанча кечвина. Кхузахь дешначарах Советийн Союзан цIеяххана болу политикин а, Iилманан а гIуллакххой хилла, пхеаннах Социалистически Къинхьегаман Турпалхо, промышленностан тайп-тайпанчу дакъойн министраш, гоьбевлла академикаш, Пачхьалкхан совгIатан (премин) лауреаташ хилла.

Вай дозаллица дагалоьцу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь Советийн Союзан Турпалхой хилла болу университетан векалш», – элира Кадыров Рамзана. Цо, иштта, билгалдаьккхира тIеман шерашкахь йохийна, саьлнашка ерзийна хилла йолчу университето шен болх Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, Россин дешаран министерствос а жигара гIолацарца дIаболийна хилар. «Тахана Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан техникин университет Россехь а, дуьненахь а уггаре а хьалхелелочех а, технологичничех а йолчарах цхьаъ хилла дIахIоьттина дешаран учреждени ю. Иза жигара кхуьуш а, Iилманан-талламан болх дIахьош а ю, Iилманан лехамашна финансийн харжаш юкъаялош а ю. Кхузахь болх беш дуьненаюкъарчу проектийн отдел а ю», – бохура республикин Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана хаийтира, юбилейца доьзна, университетан музейна 1945-чу шарахь елла хиллачу Къинхьегаман ЦIечу Байракхан орденан дубликат юхаерзийна хилар. И орден еллера Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь къинхьегаман турпалалла гайтарна. Цул тIаьхьа, цо совгIаташ дира балха тIехь билгалбевллачарна. Ша аьлча, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалш елира Бетилгириев Маулана, Гайрбеков ИбрахIимна, Усманов ИбрахIимна. «Къинхьегамехь билгалваларна» сийлаллин билгало елира Межиев Хьасанна, Газиханов Мохьмадна. Даздаршкахь, иштта, къамелаш дира В.Фальковс а, А.Сергеевс а. Цара университетан коллектив а, куьйгалхо а декъалбира юбилейца, билгалъяьккхира республикехь хуьлуш болчу дикачу хийцамийн мехалла, Кадыров Рамзанна баркалла элира регионехь дешар а, Iилма а кхиоран жигара гIолацарна.

Д.Анадев

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: