ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин пачхьенерчу Нохчийн пачхьалкхан «Вайнах» хелхаран тобанан залехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров АхьмадХьаьжин иэсана лерина IX-чу Ерригроссин «Кавказан аз» радиофестивалан толамхошна совгIаташ дар. Мероприяти вовшахтоьхнарг а, дIаяьхьнарг а Нохчийн Республикин Хаамийн а, зорбанан а министерство яра. Дагадоуьйту, оцу радиожурналистийн конкурсехь дакъалацархьама заявкаш яла аьтто бара хIокху шеран хIутосург (май) беттан 1-чу дийнера мангалан (июль) беттан 30-чу дийне кхаччалц. Кхаа номинацехула – «Хаамийн программа», «Тематикин программа», «Iуьйренан шоу» – дIаяьхьначу конкурсехь дакъалецира Россин Федерацин ерриге а регионашкарчу журналисташа. 2012-чу шарахь дуьйна и мероприяти дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь а, БуруГIалахь а, Дон-тIерачуРостовехь а, Волгоградехь а, Симферополехь а, Нальчикехь а, ХIинжа-ГIалахь а, Пятигорскехь а.

Нохчийн Республике баьхкинчу Россин, ерриге а бохург санна, регионашкарчу радиофестивалан дакъалацархошна лерина экскурси йира. Хьеший хилира Шела гIаларчу «Бусалбанийн дозалла» маьждигехь а, Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин аллей мемориалан комплексехь а, «Грозный» НПТРК-хь а, Зорбанан цIийнехь а, Журналистийн бешахь а.
Мероприятехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, Нохчийн Республикин Хаамийн а, зорбанан а министр Дудаев Ахьмад, Культурин министр Дааев Хож-Бауди, Соьлжа-ГIалин мэр Хаджимурадов Iийса, Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Жамалдаев Шаид, Правительствон Председателан заместитель Усмаев ВахIит, кхиберш.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах гулбеллачаьрга маршаллин дешнаш элира Нохчийн Республикин хаамийн а, зорбанан а министра Дудаев Ахьмада. ХIора шо моссазза долу радиофестивалехь дакъалоцуш а алсамбевриг хиларх ша тешна хилар хаийтира цо. Конкурсан «Iуьйренан шоу» номинацехь туьйлира Новосибирск гIалара радиожурналисташ Бородина Юлия а, Фадеев Артем а. ШолгIа меттиг елира Краснодарерчу «КАЗАК-FM» радиостанцин авторийн программа дIахьочу Потаповец Виолеттина а, Старовойтов Михаилана а. КхоалгIа меттиг яьккхира Краснодар гIаларчу «НТК» телерадиокомпанин программа дIахьочу Дьячкова Валентинас.
«Тематикин программа» номинацехь толам баьккхира «Грозный» НПТРК-н радиовещанин службин коьртачу редактора Загаев Руслана. ШолгIа меттиг «Псков» ГТРК-н корреспондентана Васильева Светланина кхечира, ткъа кхоалгIа меттиг йийкъира «Псков» ГТРК-н Д а б р и ш ют е Д и н а с а , «Радио-Ноябрьск» «МИГ» НТИА-н радиовещанин программаш дIохьочу Ткаченко Юлияс.
«Хаамийн программа» номинацехь хьалхара меттиг яьккхира ООО «Свежий ветер. Волгоград» медиахолдинган хаамийн службин редактора Юркова Иринас, шолгIа меттиг – Дон-тIераРостов гIаларчу «Тихий Дон» ТРК-н корреспондента Потопальская Натальяс, кхоалгIа меттиг йийкъира «Авторадио – Тверь» радион хаамийн программийн корреспондента Некрасова Элинас а, «Авторадио – Саранск» радион хаамийн отделан журналиста Урзяева Лидияс а.
Иштта, билгалдаккха деза мероприятехь леррина долу совгIаташ а делла хилар. Уьш делира «ФМ – на Дону» радиостанцин программа дIахьочу Ходжаев Алишерна а, Данилиди Верина а, «Липецк FM» радиостанцин коьртачу редакторна Рожкова Маргаритина а, АО «Татмедия»-н «Мамдыш-информ» филиалан белхахошна Ханова Светланина а, Бабаниязова Ландышна а.
Вовшахтохархоша дийцарехь, радиофестивалан коьрта Iалашо ю культурин мехаллаш ларъяр а, денъяр а, Россин Федерацин дукхакъаьмнийн халкъан гIиллакхаш а, ламасташ а чIагIдар а, къаьмнийн юкъаметтигаш тояр а. Иштта радиофестивало вайн мехкан тайп-тайпанчу регионаш карчу радиокомпанешна таро ло вовшашна балха тIехь белхан зеделлачух пайдаэца.
I.МУРТАЗОВ Магомаев Хан-Мохьмадан суьрташ тIехь: мероприятин дакъалацархой