– Вайна массарна а аттачех дацара карара шо. Пандемис шен хийцамаш бина вайн дахарехь. Делахь а, Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министерствос а, цуьнан куьйгалли кIелахь йолчу предприятеша а, вайна гина махиллара, хьалхалеррачу рожехь а, кхин а чIогIа а болх бира. Дийцахьа мел болх бина ведомствос 2020- чу шарахь?Хьо резаволуш дуй белхан жамIаш?

– Вайна массарна а хала деана 2020-гIа шо, пандемис шен Iаткъам бина предприятийн, организацийн болх вовшахтохарна а, белхан рожана а. Цо цхьацца хийцамаш бан а дезийтина. Иштта нисделла тхан балха тIехь а. Делахь а, некъийн предприятийн ницкъ кхаьчна белхан боларш хьалха хиллачу тIегIанехь латто. Иза чIогIа мехала а ду. Министерствон куьйгалли кIелахь йолчу предприятеша, чолхе хьал хиларе хьаьжна ца Iаш, белхахошна хьалха хилла долу социальни хьелаш лардина. Уггаре а коьртаниг – белхан алапехула декхарш тIехьарчор ца хилийтина. Подрядни ерриге а организацеша, цхьана а тайпана сецарш ца хуьлуьйтуш, кхочушбина некъаш тIехь белхаш баран тIелацамаш. Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерство ю регионан некъашкахь бан беза белхаш бойтуш ерг а, уьш бар подрядни организацина тIедуьллуш ерг а. Министерствон говзанчаша беш болчу белхашна тIехь сема терго латтор а, подрядни организацеш шайн белхан декхарш кхочушдарна лакхарчу жоьпаллица тIеяхар а бахьана долуш аьтто баьлла 2020-чу шарна билгалбина хиллачу гайтамашка кхача. Дукхахйолчу объекташкахь билгалйинчу хенал хьалха чекхбаьхна белхаш. Нохчийн Республикин Правительствон хIокху шарна чIагIйина йолу «Нохчийн Республикехь некъийн дакъа кхиоран» пачхьалкхан программа кхочушйина яьлла ала мегар ду. 2020-чу шарна билгалбина хиллачу белхех оха хIинцале чекхбаьхна пхеа тIайнах диъ тIай тилларан а, царна реконструкци яран а белхаш. Кхоччуш тойина билгалйина хилла искусственни кхо гIишло – биргIанашна тIехула дехьа-сехьа волийла. Боккха болх бина некъийн дикалла тояран декъехь а. Реконструкци йина билгалйина хиллачу кхаа объектехь. Кхоччуш тобан лерина хиллачу 10 некъах 8 некъ хIинцале тобина. Тобан билгалбаьккхина хиллачу кхин а 31 некъах 30 некъ тобина. МеттахIитторан белхаш бина 36 объектехь. Цу тайппана, билгалъяьккхина хилларг 89 объект а йолуш, 84 объектехь бан безаш хилла белхаш чекхбаьхна, йисинчу 5 объектехь белхаш дIахьош бу. Уьш билгалйинчу хенал хьалха чекхбохур бу.
– Белхаш бинчу объектех уггаре а маьIне муьлхарниг лору ахь?

– Мехалчу а, маьIнечу а объектех дерг аьлча, хIокху шарна билгалъяьккхина хилла ерриге а 89 объект мехала а, маьIне а хета суна. Адамашна бен дац тIай мел деха, шуьйра ду бохург. Царна мехала ду кхерамзачу тIай тIехула дIасалела аьтто хилар. Ткъа некъашца дерг мелла а кхин хьал ду. Бахархошна массо а меттехь асфальт йиллина некъаш хила лаьа. Тхо оцу шина а декъехь болх бан гIерташ дохку. 2020-чу шарна билгалъяьхна яра хIара объекташ: БIачиЮрт–Ялхой-Мохк–Дагестан дозане кхаччалц болчу некъан 17-чу километрехь 26 метр деха тIай; ЧIиннахарчу школера Зумсе боьдучу некъаца 18 метр деха тIай дар; Мехкадаьттан-Юьрта боьдучу некъан 4-чу километрехь долчу 21 метр дехачу тIайна а, Бумта–Ялхара воьдучу некъан 15-чу километрехь 30 метр дехачу тIайна а реконструкци яр. Гуш ма-хиллара дIора даккхий тIайш а дац уьш. Делахь а бахархошна оьшуш а, мехала а ду. Некъех дерг аьлча. Машенаш дукха дIасалелаш хиларца билгал бу Эна-Хишка а, Герзеле а боьдуш болу а, Ищерски–Оьрза-ГIала а боьдуш болу а некъ. ЧIогIа мехала бу меттахIотторан, некъаш тодаран белхаш. ХIунда аьлча, цара таро ло оцу а, кхечу а некъашкахула хаддаза а, цхьа а кхерам боцуш а машенаш дIасалелийтарна кхачоян. Билгалдаккха деза дуккха а объекташ шайн хьелаш тодар лоьхуш хилар. Амма ахчанан таронаш кхачаме цахиларна адамийн хьашташ дуьззина кхочушдан аьтто ца хуьлу.
– Нохчийн республикин Куьйгалхочо тIаьхьарчу шерашкахь боккха тидам тIебохуьйту республикин туризман дакъа кхиорна. Нохчийчоьнан автомобилийн министерствос цунна тIехьажийна хIун болх бу?

– Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров АхьмадХьаьжин Рамзана боккха тидам тIебохуьйту Нохчийчоьнан социально-экономикин дерриге а дакъош кхиорна. Ша аьлча, Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан дIадолорца кхочушдеш ду некъан дакъа кхиоран, керла некъаш дахкаран, долуш долчарна модернизаци яран, некъан боламан кхерамазалла хилийтаран стратегин дерриге а гIуллакхаш. Министерствос беш берг, коьртачу декъана техникин болх бу. Ахь тидам бина ма-хиллара, тIаьхьарчу шерашкахь, баккъал а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо боккха тидам тIебохуьйту туризман дакъа кхиорна. Чоьхьарчу а, арахьарчу а туризмана къаьсттина бегIийла, аьхна ю вайн исбаьхьа хьаннаш, лаьмнаш, хиш, шовданаш долу башха меттигаш. Iаламан хьелаш а ду дагна хьаам беш. Делахь а, оцу башхачу хьелех эца беззачу агIор пайдаоьцуш бацара. Ткъа Ахьмад-Хьаьжин Рамзан воккха стратег а, генна хьалха хиндерг гуш политик а ву, цул сов, воккха патриот а, тIехдика да а ву. Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа республикина деллачу Iаламан дерриге а ниIматех пайдаоьцу цо, уьш Нохчийчоьнан зовкхана дIа а хьовзош. Туризм кхиоро гIо дийр ду республикин бюджете богIу пайданаш алсамбаха, совдегаралла кхио, белхан меттигаш кхолла, дуьззина схьаэцча, лаьмнашкара кIошташ кхио. Цул сов, республике баьхкинчу хьешийн а, туристийн а аьтто хир бу вайн республике, вайн халкъе кхечу ойланца, кепара хьажа, цуьнан ма-барра мах хадо. Кхуза кхаьчна хьеший а, туристаш а цецбевлла а ца бовлу нохчийн халкъана хьаша-да дукха везарх, цуьнан комаьршаллех, догдикаллех. Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министерствон дакъа а ду туризм кхиорна юкъахь.Некъийн белхахоша бегIийла хьелаш кхуллу туристашна республикехула а, туризман объекташкахула а машенашкахь дIасалела. Оцу меттигашка доьлхуш долу некъаш дикачу хьолехь латтийна ца Iаш, некъашца дIахIиттайо яртийн а, шахьарийн а цIераш (нохчийн, оьрсийн, ингалсан меттанашкахь) тIехь йолу билгалонаш.
– Регионан некъаш тодарца а, дикачу хьолехь латторца а долу гIуллакх муха ду?

– Карарчу шарахь кхачам боллуш дика тобина 160 километр некъ. Некъаш тодар Iаламат мехала маьIна долуш гIуллакх ду. Цо таро ло некъийн транспортноэксплуатацин дикалла ларъян. Некъаш дикачу хьолехь латтор коьртачу декхарех цхьаъ ду. Уьш дика хилча, дийнна шарахь республикин некъашкахула дIасалела аьтто болуш хуьлу транспорт. Некъаш хила хьакъ доллучу хьолехь латторна юкъадогIу некъашца хила йогIу билгалонаш хилийтар. Карарчу шарахь регионан маьIна долчу некъашца хIинцале а дIахIоттийна 2 923 билгало, 4 241 метр еха керташ, хаам баран 1 848 бIогIам. – Вайн некъашкахь шошаре мел дели алсамйолуш ю автотранспорт, цо тIедаладо некъ сиха бохарна.
Некъаш дикачу хьолехь латторехь а, уьш тодарехь а керлачу муьлхачу технологех пайдаоьцу тахана?

– Баккъал а, автотранспорт хIора шарца алсамйолуш ю 15 000-нна тIера 17 000-нна тIекхаччалц. Оцо Iаткъам бо автомобилийн некъийн дикаллина, уьш сиха духу, тишло. Некъаш тодарехь, церан тIехулара чкъор ца эккхийтарехь стохка дуьйна оха пайдаоьцуш ю тоьллачу технологех йолу «геотекстиль» материалаш, латта семса, кIеда долчу меттигашкахь пайдаоьцу «георешеткех». Некъаш дикачу хьолехь хилийта, некъа тIера лилхина меттигаш дIашаръеш пайдаоьцу «асфатап» лентех. 2020- чу шарахь некъаца пурхала билгалонаш ечу хенахь дуьххьара пайдаийцира шийлачу пластиках. Термопластикца юьстича, цуьнан (шийлачу пластикин) дикалла йоллу иза йохъеш хан яйа езаш цахиларехь. Ткъа иза некъаш дахкарехь а, уьш тодарехь а кIезиг маьIна долуш хIума дац. – Вайна хууш ду автомобилийн некъийн министерствос «Кхерамза а, дика а автомобилийн некъаш» къоман проектан регионан ши проект кхочушъеш хилар. Со гал ца ваьллехь, къоман проект кхочушъярехь вайн республика хьалхарчарах цхьаъ ю-кх. – «Кхерамза а, дика а автомобилийн некъаш» къоман проект кхочушъяран гурашкахь вайн министерствос хIокху шарахь кхочушъеш ю «Некъийн сеть» а, «Некъийн бахам кхиоран системин юкъара гIуллакхаш» а регионан ши проект. «Декъийн сеть» проектехь 2020-чу шарахь билгалдина регионан маьIна долчу некъийн дакъа, нормативни хьолехь долу, 47,9 проценте дIакхачо, ткъа Соьлжа-ГIалин агломерацин некъийн дакъа 48,5 проценте дIакхачо. Iалашоне лаьцначу гайтамашка кхачархьама билгалдеш дара 22,4 километр юкъара йохалла йолу регионан маьIна долчу некъаца кхаа меттехь некъ тобаран белхаш дIабахьарна кхачояр. Соьлжа-ГIалин некъийн агломерацера, юкъара йохалла 64,3 километр йолу, 63 урам тобар. И берриге а белхаш хIинцале бина бевлла. Иштта, «Кхерамза а, дика а автомобилийн некъаш» къоман проект кхочуш а еш, федеральни бюджетерчу кхитIе а йолчу харжарийн чоьтах 2020-чу шарахь билгалдеш дара Соьлжа-ГIаларчу кхаа урамна а, цхьана тIайна а реконструкци яр. 2020-чу шарна йолчу программица билгалбаьхна хилла и белхаш а чекхбаьхна. «Некъийн бахам кхиорна системин юкъара гIуллакхаш» аьлла йолу регионан шолгIа проект кхочуш а еш, 2020-чу шарахь дIахIоттийна билгалйина хилла йолу, регионан маьIна долчу некъашкахь, некъан боламан бакъенаш талхор хьесапе оьцуш йолу 5 суьртийн-видеодIаяздаран камера. Цуьнца цхьаьна чекхдаьккхина Нохчийн Республикин транспортан инфраструктура комплексехь кхиоран программа кечъяр. – Ш у ь й р ач у ха а м и й н г I и р с а ш к а х ь я з д и н а дара «Некъийн бахам кхиоран системин юкъара гIуллакхаш» регионан проект кхочуш а еш, 2020-чу шарахь суьртийнвидеодIаяздаран камерш дIахIиттийна, уьш маьлхан батарейшца болх беш ю, аьлла. Цунах лаций дийцахьа. – Баккъал а, хIокху шарахь регионан некъашкахь дIахIоттийна йолу суьртийнвидеодIаяздаран 5 камера маьлхан батарейшна тIехь бен болх беш яц. Уьш ялх шарахь лаьтта. Маьлхан батарейшца йолчу камерийн дикалла йоллу царна электроэнерги яйа езаш цахиларехь, царна тIе серий дало дезаш цахиларехь, трансформаторш хIитто езаш цахиларехь, электроэнергех пайдаэцарна хьесапдеш йолу счетчикаш хIитто езаш цахиларехь. Цу тайппана камерш дIахIиттийна регионан маьIна долчу автомобилийн хIокху некъашкахь: Ищерски–Соьлжа-ГIала некъаца –2, Эна-хишка–Соьлжа-ГIала некъаца –1, Соьлжа-ГIала– Ведана–Дагестанан доза некъаца –1, Гуьмсе–ИласханЮрт некъаца –1. – Къоман проект кхочуш а еш, стохка йозаллинбарамийн (весогабаритни) тергонан пункт йиллира.
Республикин бюджетана хIун пайда бохьу оцу пункташа?
– «Кхерамза а, дика а автомобилийн некъаш» къоман проект кхочуш а еш, Ищерски станицина юххехь, Ищерски– Соьлжа-ГIала автомобилийн некъаца йозаллин-барамийн терго яран цхьа пункт йиллира 2019-чу шарахь. Цу тайппана пункташ йохку автомобилийн некъаш тIехула деза киранаш дIасакхоьхьуш болчу транспортан гIирсаша деш долу зен меттахIотторна кхачоярхьама. Иза республикина тIебогIуш болу кхитIе а пайда бу. ХIунда аьлча, царна тухуш долу гIуданаш Некъийн фонде хьажадо, цунах пайдаоьцу некъийн дикалла, искусственни гIишлойн хьал тодарехь.
– Болх кхиаме хилийтарна корматаллин говзанчаш а, белхахой а оьшу, регионан некъийн декъехь тоьаш буй уьш?
– Республикин некъийн декъехь болх беш бу лаккхара корматалла йолу говзанчаш. Церан куьйгашца, хааршца, говзаллица техкина ду тIайш, дехкина ду некъаш, транспортийн дIасахьаьвзийлаш. Ведомствехь шен проектни институт ю, автомобилийн некъийн ведомствошца говзалла, корматалла къовса хьуьнаре а йолуш. Цуьнца цхьаьна предприятешна хаало хIокху тайпана говзанчаш тоьаш цахилар: проектировщикаш, геодезисташ, сметчикаш, автогрейдеран машинисташ, корматаллин сварщикаш.
– Корматаллин дезачу денца доьзна республикин автомобилийн некъийн белхахошка хIун ала луур дара хьуна?
– ХIокху дезачу дийнахь республикин некъийн берриге а белхахойн балхахь бIаьрла кхиамаш хуьлийла лаьа суна хIокхул тIаьхьа а, уьш керлачу лакхенашка кхочийла а лаьа. Иштта церан массеран ондда могашалла, дахарехь ирс-аьтто, шаьш лелочух беркат хуьлийла а лаьа! Хьанал къахьегарна некъашдахкархойн цIарах даима а баркаллин дешнаш хезийла а лаьа.
Интервью дIаяьхьнарг С.Хасанов,