РаббиIул-Аввал Делан Элча (с.I.в.с.) дуьнен чу ваьлла бутт

Хастам бу Далла, Iаламаш кхоьллина, кхобуш, кхиош Волчу. Делера саламмаршалла хуьлда Цо адамашка, жинашка бусалба дин кхайкхош ваийтинчу Цуьнан Элчанна Мухьаммадна, цуьнан доьзалшна, асхьабашна, ансарашна, цара бинчу нийсачу некъа тIехь схьабогIучарна. Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа боху: «АллахI-Дела ву-кх, Ша элчаналла хьаьнга дала деза тIехдика хууш верг» (Аль-АнIам, 124).

Сийлахь Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла (пийл олучу шарахь) РаббиIулАввал беттан 12-чу (оршотан) Iуьйранна (керстанийн рузмица 571-чу шарахь). Дерриге а Iаламна кхаъ хилира берриге а пайхамаршна мухIар тухуш, тIаьххьара вогIур ву баьхна Ахьмад цIе йолу пайхамар дуьнен чу валарх. Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла оршотан дийнахь, цуьнга пайхамаралла а доьссина оршотан дийнахь, Маккара Мединате ваха ара а ваьлла иза оршотан дийнахь, оршотан дийнахь Мединате чу а вахана иза. Хьажаруль-асвад олуш болу тIулг, айббина, ХьажцIийнах юха дIа а биллина оршотан дийнахь. Мухьаммад Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаьттина хиллера оршотан деношкахь цо кхобучу марханан хьокъехь. Шега хаьттинчунна жоп луш, цо аьллера: «Со вина де ду оршот, соьга пайхамаралла доьссина де а ду иза». (Муслим). Дуьнен чу волучу хенахь Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) схьаэцнарг Iабдуррохьман бин Iавфан нана Шифаъ ю. КIант дуьнен чу ваьлча, цуьнан нанас Амината гIарбаш яхийтина, кIентан дедега Iабдул-МуттIалибе кхаъ баккха. Хазахетта, чIогIа самукъадаьлла, воккхавуьйш хилла иза. Бер дуьнен чу даьллачу ворхIалгIачу дийнахь Iабдул-МуттIалибна АллахIа даг чу тесира шен кIантан кIантана Мухьаммад цIе тиллар. ТIаккха, къурайшийн тайпанан нах кхайкхира цо тойне. Цара цуьнга хаьттира: «КIантана цIе хIун тиллина ахь?», – аьлла. Iабдул-МуттIалиба жоп деллера: «Мухьаммад аьлла цIе тиллина ас цунна, стигалахь а, лаьттахь а иза хесто сайна лаарна». Вайн Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу валале хьалха а иза пайхамар хиларна тIенисвеш ду цуьнан нанна Аминатана гинарг: цунах цхьа нур дIакъастар а, оцу нуьро Шемара гIаланаш серлаяхар а. Абу НуIайма дийцира Умму Саламатера, кIентан нанас Амината дийцира, аьлла: «Баккъал а, нур гира суна Мухьаммад дуьнен чу волучу буьйсанна, Шемара гIаланаш серла а евлла, суна уьш ган а гуш». Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, ВахIабан йоIа Амината элира, аьлла: «Со доьзалхочух хилира. И дуьнен чу валлалц цхьа а хало а ца хааелира суна. Сох иза дIакъаьсттинчу хенахь, цуьнан нур араделира, малхбален а, малхбузен а юкъ серлайоккхуш. Лаьтта охьавуьйжира иза, шен шина куьйгана тIетевжина а волуш. Цхьа кана латта, схьа а эцна, шен буйнахь къевлира цо. Юха шен корта хьалаайъира». Жуьгтийн, эрмалойн динехь берш пайхамар дуьнен чу волу де лардеш бара. Иза билггал муьлхачу меттехь гучувер ву ца хаьара царна. Цундела иза мичахь дуьнен чу вер ву-те бохуш ладоьгIуш Iаш бара уьш. Абу НуIайма дийцина, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) назманчас Хьассан ибн Сабита элира, аьлла: «Со жима кIант вара, ворхI я бархI шо долуш, сайна гинчух, сайна хезначух кхеташ вара со. Цхьана Iуьйранна цхьа жуьгти вара мохь бетташ: «ХIай, къурайшийн тоба, сийсара шуна юккъехь цхьа а доьзалхо виний?» – бохуш. Цара жоп делира, ца хаьа шайна, аьлла. Жуьгтичо юха а аьлла хиллера: «Хьовсийша, баккъал а, сийсара хIокху умматан пайхамар дуьнен чу ваьлла-кх». Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьххьара вакхийнарг цуьнан нана Аминат ю. Цул тIаьхьа иза вакхийна цуьнан девешин Абу ЛахIабан лай хиллачу Сувайбата. Цу заманахь Iаьрбийн Iадат дара шайн бераш дакхо а, кхио а аренца бехачу зударшка дIалуш. Цигахь дакхийна, кхиийна бер могашалла йолуш а, хьекъалца ира а хуьлу олура. Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вакхавайта а, кхиавайта а дIавала сацам бира Амината а, Iабдул-МуттIалиба а. Iаьрбийн Iадатехь махиллара, мехах дакхо бераш дига зударий баьхкира Макка. Царна юкъахь яра СаIдин тайпанах йолу Хьалимат. Шена дакхо бер цакхачарна гIайгIане йолу Хьалимат гира Iабдул-МуттIалибна. Цо цуьнга элира: «Схьайола соьца. Сан кIентан кIант вига хьайна вакхо…» Хьалимата ойла йира: «Цхьа а воцуш дIайоьдучул, буобер мукъане а дуьгур ду-кх ас», – аьлла. Шен хIусамдех дага а яьлла, иза дIавига сацам бира Хьалимата. И сийлахь-деза бер караийцира цо. Иза деладелира цунна, ша цунна резахилар хоуьйтуш санна. Хьалимата, йоккхаерца, шен маракъевлира кIант. Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) багара нур стигала хьаладахара. Хьалимат къен Iаш яра. Юззалц яа хIума цахиларна цуьнгахь шура кIезиг яра, шен кIант вуззалц вакхо а ца тоьара иза. Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вакхо йолаелча, шега алссам, хьалха цкъа а ца хиллачу кепара шура йоьссина хилар хааделира цунна. Цо элира: «Баккъал а, со дог тешна ю хIара бер шеца доккха беркат долуш хиларх», – аьлла. Хьалимат ирс долуш хиллера, дуьнен чохь уггаре а ирс долуш. ХIунда аьлча, дерриге а Iаламашкахь кхоьллинчух уггаре а деза, сийлахь бер дара цо дакхош дерг, шен карахь-марахь лелош дерг. АллахI-Дала хIокху дуьнен тIехь долу хьал хийца, Iалам тодан, бакъонца долу цIена дин даржо хаьржина бер дара иза, тIаьххьара Пайхамар а, Элча а вина даийтина долу. Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу валаран Iаламатех а, билгалонех а ду Кисра паччахьан гIала лестар, лелхар, Сават цIе йолу жима хIорд дIалакъар, эзар шарахь дIа ца йовш лаьттина Фарасойн цIераш дIаяр. РаббиIулАввал беттан дан ма-деззара хьурмат дан, Мухьаммад Пайхамаран (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) сийларам бан, цуьнан суннаташ кхочушдан, Везачу АллахIа Шен фарзаш кхочушдан пурба, товфикъ, ийман, собар лойла-кх вайна.

С.МАГОМЕДОВ, Iеламстаг

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: