«Гуниб юрт яккхар а, Шемал йийсар вар а» сурт меттахӀоттош ду

Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис инстаграмерчу шен агӀонехь хаам бина Рубо Франца диллина долу 1859-чу шеран хьаьттан беттан 25- чу дийнахь «Гуниб юрт яккхар а, Шемал йийсар вар а» сурт реставрацин чолхе белхаш чекхбаьхначул тӀаьхьа Нохчийчу схьадохьург хиларан хьокъехь.

«1995-чу шарахь Нохчийчохь хьалхара тӀом болуш, Соьлжа-ГӀалин музей чуьра арадаьккхина дара и сурт. Юха, 2000-чу шарахь контрабандин некъаца вайн пачхьалкхан дозанал арадоккхуш, ФСБ-н белхахошна хааделла схьадаьккхина. Сурт шен гура чуьра схьадаьккхина, кузаца цхьаьна дӀахьарчийна лаьттина, тӀера басарш кегделла ду. ХӀетахь, 20 шо хьалха, И.Грабаран цӀарахчу Ерригроссин исбаьхьаллин Ӏилмананреставрацин туьшан говзанчаша бинера сурт меттахӀотторан цхьаболу болх. 2017-чу шарахь юха а оцу туьше дахьийтина и сурт. ХӀинца, Нохчийн Республикин культурин министерствон а, Россин Федерацин министерствон а хиллачу бартаца, реставрацин белхаш дӀаболийна», – яздо Х-Б.Дааевс. Карарчу хенахь реставраторш болх беш бу сурт цӀандеш, цунна оьшуш долу басарш хоржуш.

«Дала мукъ лахь, гӀарадаьлла девзаш долу сурт, цхьана-шина шарахь, меттахӀоттийна бевр бу говзанчаш. ТӀаккха, шен метта, Соьлжа-ГӀала, Къоман музей юхадерзор ду сурт», – хаам бо Культурин министра.

  З.Эльдерханова

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: