Школашкахь Ерригроссин талламан белхаш бина

Нохчийн Республикин школашкахь Ерригроссин таламман белхаш товбецан (сентябрь) беттан 14-чу дийнахь дуьйна кхочушбеш бу. ХӀокху шарахь оцу белхан график санитарни-эпидемиологин хьолаца доьзначу бахьанашца хийцаелла.

Хьалха хиллачу рожаца бекарг-оханан (март-апрель) беттанашкахь бан безаш хилла болх товбецан-эсаран (сентябрьоктябрь) беттанашка дӀатеттина. Дешаран а, Ӏилманан а терго латточу Федеральни службин омранца нийса догӀуш, школаша шаьш билгалйоккху дешархошка талламан белхаш бойту хан. И денош а товбецан (сентябрь) беттан 14- чуй, эсаран (октябрь) беттан 12-чуй деношна юкъахь хилла хила а дезара. Талламан белхаш бар декхар дина тӀедиллина ду 5–8 классийн дешархошна, ткъа 9-чу классашкахь школин сацамца зеран рожехь бойту белхаш (школо ша къастойо талламаш дӀахьо предметаш). Талламан белхаш ерриге а школашкахь цхьатерра хилийтар а дац хьесапе. Кхин цкъа а билгалдоккхуш аьлча, Ерригроссин талламан белхаш кхочушбар – иза жамӀийн тергонан белхаш кхочушбар ду. Дешархойн хаарш талларан Ӏалашонца тайп-тайпанчу предметашкахула дӀахьо и белхаш. Ерригроссин талламан белхийн жамӀашка хьаьжжина хӀоттон тарлуш ду регионан кхидӀа хир йолу дешаран программаш. Дешархошна а, хьехархошна, дешархойн дай-наношна а оьшуш ду берийн хаарш толлуш болу белхаш байтар. Дешархочун хаарш талларал сов, цуьнан ледара а, кхиаме а агӀонаш евза ишттачу зерашкахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: