Нохчийн латархочун толам

ХIокху деношкахь Польшехь дIаяьхьира «KSW 55» организацин латарийн шоу. Турниран коьрта хилам хила безаш бара юккъерчу йозаллин категорин KSW-н чемпион волчу Аскхэм Скоттан а, вайн махкахочун Халидов Мамедан а латар.

Латаран юьххьехь дуьйна а, М.Халидовс эшо волийра шеца леташверг, кхосса а луш, цунна коьртах мийра тоха аьтто белира цуьнан. Аксхэм нокдауне вахара. Латар дерзорхьама, цунна кхин а масийттазза тоха дийзира М.Халидовн. Оцу кепара толам баьккхира нохчийн латархочо.

Дагадоьуьйту, дIадаханчу шеран гIуран (декабрь) баттахь, кхо раунд хиллачул тIаьхьа, суьдахойн цхьатерра хиллачу сацамца, Аскхэм Скотта эшийра Халидов Мамед. 40 шо долчу Халидовс ММА-хь берриге а 35 толам баьккхина, 7-зза эшна, 2 латар цхьа ца тоьлаш дирзина. 32 шо долчу Аскхэм 19-зза тоьлла, 5-зза эшна.

З.Шишханова

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: