Кадыров Рамзан:Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь а, цуьнан весеташ кхочушдеш а ду вай

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана соцсетехь йолчу шен агIонехь зорбатоьхна Кадыров Ахьмад-Хьаьжа нохчийн дерриге а халкъо Нохчийн Республикин Президент хаьржина инаугураци дIаяьхьна 17 шо кхачарна лерина дина къамел. «Нохчийн Республикин бала-гIайгIа дукха лайначу халкъан дахарехь мехала маьIна лелийра оцу хиламо. Йохийна йолу регион когахIотторан, машар баран гIуллакхан юьхь дIайолийра цо. Вайна дика дагадогIу дуьненна а гIарадевлла хилла долу Ахьмад-Хьаьжин хIара дешнаш: «Сан Iалашо тIом сацор яц, иза гуттаренна а дIабаккхар ю». Цо шен дош лар а дира, цо гуттаренна а дIабаьккхира дуккха а бIешерашкахь хьегна бала, гIайгIа!», – яздина цо.

Ahmad Kadirov i ego son Ramzan pered inauguraciyey. Ramzan chitaet otcu prislanie pozdravleniya .19.10.03. Gudermes, 40 km vostok ot Groznogo, Chechnya. (AP Photo/Musa Sadulayev)

Кадыров Рамзана яздо: «Нохчийн халкъо хьикмате сацам бира шен тхьамда Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а хаьржина». Цо ма-аллара, шен боккхачу сий-ларамца А-Хь.Кадыровс ерриге а юкъаралла шена гонаха вовшахтуьйхира, политикин а, социальни а, динан а хьежамашца дуккха а шерашкахь дIасаекъна латтийна йолу. «Ахьмад-Хьаьжас халкъаца цхьаьна дIадолийра тIемаш хир боцу, къелла хир йоцу, къепазалла хир йоцу дахар дIахIоттор. Оцу некъо вай машаре, токхоне, зазадаккхаре кхачийна. Вай Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь а ду, цуьнан весетех куьйгалла оьцуш а ду, уьш кхочушдеш а ду. Дуьненан исторехь вайн дуьххьара аьтто баьлла дуьненаюкъара терроризм хIаллакьян, саьлнашкахь Iохкуш хилла гIаланаш, ярташ меттахIитто, социальни а, экономикин а тешам боллуш кхиаре кхача. Нохчийн Республика, дерриге а дохош, дукха цIий Iанош тIом хиллачул тIаьхьа, Iаламат йоцачу хенахь, Россин карти тIехь уггаре а аьхначу, хазачу, кхерамзачу маьIигах цхьаъ хилла дIахIоьттина. Иза вайн хьалхарчу Президентан некъан хьакъ доллу жамI ду!

Вай баркаллица дагалоьцу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе. Иза иэсехь латтаво, цуьнан сий-ларам бо. Иза даима а нохчийн халкъан а, Россин а исторехь вуьсур ву хьикмате политик, бакъволу баьчча, вайн Даймехкан бакъволу патриот, майра бIаьхо, сий-лараме Iелам, шехIид санна! Дала гIазот къобалдойла цуьнан!», – яздина республикин Куьйгалхочо.

Д.ПАШАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: