Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхеташо дIаяьхьира правительствон декъашхошца. Цигахь дийцаре дира берриге а муьрашкахь когсалазаш хехкаран «Ведучи» курорт яран шолгIачу муьран декхарш кхочушдаран хьокъехь долу гIуллакхаш. Иштта дийцира чоьхьара а, арахьара а туризм кхиоран декъехь дан дезачу гIуллакхех лаьцна. Кхеташо оцу курортехь дIаяьхьира, дакъалоцуш Нохчийчоьнан Правительствон Председателан заместитель Магомадов Iабдул а, туризмехула министр Байтазиев Муслим а, министрийн кабинетан кхиболу декъашхой а болуш.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхина ма-хиллара, коронавирусан пандемица доьзна, шаьш-шайн лардаран ражо а, цул тIаьхьа дIасадахарна тоьхна дозанаш малдаро а туристашна Нохчийчу бахка лаар дикка алсамдаьккхина. «Цуьнца доьзна туризман дакъа кхидIа а кхиор къаьсттина мехала хилла дIахIоьттина. Оцу декъехь коьртачех цхьа проект ю лаьмнашкахь когсалазаш хехкаран «Ведучи» курорт. Карарчу хенахь вай тIекхаьчна иза яран шолгIа мур дIаболорна. Россин вице-премьер, Россин Президентан генарчу малхбален федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал Трутнев Юрий Нохчийчу веанчу хенахь цу хьокъехь, вовшех дика кхетарца, къамел хилира. Цо юкъадалийна магораш хьесапе а оьцуш, проект кхин а тойина. ХIинца дисинарг билгалйина Iалашонаш кхочушъярехьа сацам боллуш гIулчаш яхар ду», – элира Кадыров Рамзана.
I.Магомадовс дийцира герггарчу хенахь курортана тIекхаччалц газ а, электроэнерги а схьаялориг хиларх а, ткъа иштта асфальтан дика некъ а буьллург хиларх а лаьцна. «Газан биргIанаш тIеялор вайн республикина тIедиллина. Оцу декъехь болх дIахьош бу. Некъ биллар а, электроэнегица кхачояр а федеральни центран тергонехь ду. И болх а герггарчу хенахь чекхбоккхург хиларх тешна ду тхо. ШолгIа мур кхочушбарца доьзна карарчу хенахь цхьа а новкъа, чолхе хIума дац. Оьшуш мел долу тептарш ду. Схьаеллачу харжех буьззина пайдаоьцуш бу. Кестта дIахьур ду цхьаболу гIирсаш эцар а, монтажан белхаш дIаболор а», – элира цо.
Кадыров Рамзана цунна тIедиллира оьшуш долу дерриге а тептарш кхачам боллуш кечдар а, федеральни центре дIадахьийтар а. Нохчийчоьнан Куьйгалхочо, иштта, тидам тIебахийтира «Ведучи» курорт шоръяран болх дIабахьарца цхьаьна чоьхьара туризм кхиоран болх жигарабаккха безаш хиларна. «Туристийн объекташна юкъара некъаш тодан а, чулацаме маршруташ алсамъяха а лерина ду вай. Иштта, билгалдеш ду туристийн коьртачу некъашкахь кхочушдеш долу хьашташ алсамдахар. Хьешийн аьтто хир бу спа-салонех, кинотеатрех, садаIарна а, самукъане хан яккхарна а оьшучу кхечу хьаштех, бегIийлех пайдаэца», – бохура цо. Министра М.Байтазиевс дийцарехь, карарчу хенахь республикехь болх беш туристийн 30 маршрут ю. Цара юкъалоцу СоьлжаГIала, Шела, «Къоьзан Iам», Органан чIож, Бена, халкъалахь евзаш йолу кхин меттигаш. «Оцу некъашца дIасавоьдург 250 сом бен дала а ца деза. Дукха хан йоццуш оха студентийн маршрут а схьайиллина. Цо вайн вузашкарчу студенташна таро ло, цIарна болчу мехах, Соьлжа-ГIалара Шела баха, вайн исбаьхьачу маьждигашка хьовса», – элира министра. Кадыров Рамзана билгалдаьккхина ма-хиллара, чоьхьара туризм кхиорехьа а, оцу гIуллакхна къонанаш юкъаозорехьа а жигара гIуллакхаш дан деза. «Вайн республикин культурин тIаьхьалонашка, исбаьхьачу меттигашка хьашт кхолла деза кегийхошкахь, царна марзъян еза уьш. Цо таро лур ю церан культурин тIегIа, кхетам лакхабаккха, иза вайн коьртачех цхьа декхар ду», – дерзийра цо.
Д.АНАДЕВ