Хьалхара дуьненаюкъара рейс, селхана «Сабиха (Хонкара) – Соьлжа-ГӀала – Сабиха (Хонкара)» маршрутехула хилла. Иштта, карарчу беттан 31-чохь схьайоьллур ю «Антали (Хонкара) – Соьлжа-ГӀала – Антали (Хонкара)» – авиарейс. И ший а авиамаршрут #PegasusAirlines компанин кеманаша латтор ю.
Цул сов, карарчу беттан 26-чохь дуьйна, #UTair-с схьайоьллуш кхин цхьа рейс а ю «Истамбул – Соьлжа-ГӀала – Истамбул».
СаӀудийн Ӏараве (Джидда) а, Ӏаьрбийн Цхьанатоьхначу Эмираташка (Дубай) а рейсаш схьаелларан декъехь болх а бу «Северный» аэропортан куьйгалло дӀахьош.
И.ХАСАХАНОВ