COVID-19 хьакхаялар хааделча поликлинике ваха веза

Россехь тӀаьхьарчу хенахь алсамбовлуш бу коронавирусан ун хьакхалуш болу нах. Ун даржар лахделлачу муьрехь вайн пачхьалкхехь а, вайн республикехь а йолчу могашаллаӀалашъяран учрежденеша дика кечам бина грипп а, ОРВИ а уьнан цамгаршца цхьаьна COVID-19 ун даржар алсам а даьлла, хьал хилахь аьлла.

Ала деза, шайх ун хьакхаделла нах поликлинике бахаран метта, шаьш шайна дарба дан хьовсуш, медицинин говзаллина генахь болчу нехан хьехаршка ладоьгӀуш, шайн хьал чолхе долуьйтуш хилар.

Н о х ч и й н Р е с п у б л и к и н могашаллаӀалашъяран министерствон штатехь йоцчу коьртачу инфекциониста Дагаева Рамната карладоккху шена ОРВИ я грипп билгалонашца йолу COVID-19 хааелларг, мелла а сиха ша вехачу меттерчу куьпан лоьрана тӀекхача везаш хилар.

«Дукха хьолахь, шайн цамгар къаргъелча бен ца кхочу цхьаболу нах медицинин учрежденешка. Цара молучу антибиотикаша гӀо даран меттана иммунни системина зен деш меттигаш дукха нисло. ТӀаккха, царах дӀавоьлларг бактерешна дуьхьал йолчу терапих пайда ца хуьлуш вуьсу. Стационарехь лелочу дарбанах а гӀуллакх ца хуьлучу хьоле волу дархо. Иза дан мегар дац. ХӀора дархочо шена оьшуш долу дарба а, молханийн барам а бу ларбан беза, – кхетово Р.Дагаевас.

Изза аьлла хеташ бу министерствон кхиболу говзанчаш а. ХӀора дархочунна дарба лелоран шен некъ, хан, барам бу. Аттаниг ду шен куьпан лоьре шегара хьал хаийтар а, больницехь бен дарба леладойла дацахь, лоьрашка ладогӀар а.

З.ЯХЪЯЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: