Ӏилманан-практикин семинар дӀаяьхьира

Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон Республикин онкологин туьшахь «бераш-полларчий» олу цамгар йолчу берашна дарба даран некъаш лахарна лерина яра «Буллезни эпидермолизехь онкологи» темица дӀаяьхьна рогӀера Ӏилмананпрактикин семинар.

Дакъалацархошка маршаллин дош олуш, сем и н а р д Ӏ а й о л и й р а могашаллаӀалашъяран министра Сулейманов Эльхана. Иза вовшахтоьхнера «Берашполларчий» гӀоьналлин фондо, А-Хь.Кадыровн цӀарахчу регионан юкъараллин фондан накъосталлица.

Мехалчу семинаран балхахь дакъалецира Москварчу, Санкт-Петербургерчу, ткъа иштта вайн республикерчу лоьраша-онкологаша а, министерствон говзанчаша а. – Карарчу хенахь, наггахь хуьлучу цамгаршна диагностика яр лаккхарчу тегӀанах делахь а, «бераш-полларчий» («буллезни эпидермолиз) цамгар йолу бераш дуьнен чу довлар а, доьзалехь и саннарг шиъ я сов бер хилар а алсамдолуш хаало, – элира Э.Сулеймановс.

Юьйцуш йолу цамгар инфекционни яц, кхечуьнах тӀейолуш яц. «Генетически» цамгар ю иза. ДегӀан чкъурана даьӀнаш дар, чкъор лелхаш, экаме хилар ю оцу цамгаран коьрта билгало. Кхузаманан медициин таронашца буллезни эпидермолизана а, ракана а дарба даран некъехь лаьцна дийцира семинарехь.

– «Бераш-полларчий» Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца 6 шо хьалха дуьйна а А-Хь.Кадыровн цӀарахчу юкъараллин фондо шена тӀелаьцна, оьшуш дерг латтош а, медицинин гӀо деш а ду. Оцу цамгарна диагностика яр а, цунна дарба лелор а кхузаманан медицинин кхиамашка хьаьжжина бен нислойла а дац. Ишттачу берашна дарба деш болчу лоьрашна-дерматологашна а, онкологашна а, педиатрашна а хьалха лаьтта декхарш кхачам боллуш кхочушдарна лерина ю семинаран коьртачу Ӏалашонех цхьаъ, – билгалдаьккхира министра.

З.ХИЗИРОВА Суьрташ тӀехь:семинаран дакъалацархой

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: