Эсаран (октябрь) беттан 17-чу дийнахь Айдамиров Абузаран цIарахчу Къоман библиотекехь Ерригроссин къаьмнийн театрийн «Федерация» фестиваль вовшахтохархоша прессконференци елира. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев ХожБауди, Россин Федерацин культурин хьакъйолу белхахо Ахмадова Хьава, Россин Федерацин хьакъволу артист Пашнин Андрей, филологин Iилманийн доктор, Исбаьхьаллин советан председатель Ястребов Андрей.

Хьешашка маршалла а хоттуш, вистхиллачу Х-Б.Дааевс билгалдаьккхира хIокху кепара мероприяти Соьлжа-ГIалахь шолгIа дIахьош хилар. «Дуьненахь а даьржина короновирусан ун хилар бахьана долуш, хIара фестиваль дIаяхьа аьтто цахиларна кхоьруш дара тхо. Амма, хьал мел чолхе хиллехь а, Нохчийн Республикин коьртачу шахьарахь вай дукха сатийсина Къаьмнийн театрийн фестиваль болх бан йолаелла. Тхо тешна ду, вовшашна зеделларг довзийта вайн аьтто хирг хиларх», – элира министра.
Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохчийн Пачхьалкхан театран исбаьхьаллин куьйгалхочо Ахмадова Хьавас дийцира, Соьлжа-ГIала ян лерина, хиллачу Россин Федерацин регионашкарчу 15 театрах еанарг 11 бен цахиларх лаьцна. Уьш ю фестивалан Экспертийн совето хаьржина тоьлла йолу театраш. «Цхьанахенна гоч а еш, ерриге а спектаклаш актераша шайн къоман маттахь гойтур ю. ХIора майданахь дIасабоькъур бу талмаждаран леррина гIирсаш», – элира Хь.Ахмадовас.
Фестиваль схьайоьллуш Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохчийн Пачхьалкхан Къоман театро гайтинарг «Доккха латта» («Большая земля») спекталь яра. Цуьнан автор Нохчийн Республикин халкъан яздархо Ахмадов Муса ву. ХIоттийнарг – режиссер Ахмадова Хьава. Спектакль чIогIа дагахкхеташ, адамийн галаморзахаллаш билгалйохуш, уьш бахьанехь адамийн дахар чолхедаларх яра. Билгалдаккха деза СоьлжаГIалин бахархойн а, хьешийн а 14 спектакле хьовса аьтто хирг хилар. Уьш ю Башкортостанера, Дагестанера, ГIебартойн-Балкхаройчуьра, Карелера, Коми-Пермяцки округера, Мордовера, Къилбаседа ХIирийн республикера, ГIезалойчуьра, Хакасера, Нохчийн Республикера театраш. Дагадоьуьйту, 2019-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 11- чу дийнера 19-чу дийне кхаччалц Соьлжа-ГIалахь дIаяхьна хьалхара фестиваль театральни юкъаралло дика тIеэцна ца Iаш, хьовсархоша а хазахетарца тIеэцна хилар.
МАГОМАЕВ Хан-Мохьмад