А.Айдамировн цӀарахчу республикин Къоман библиотекин куьйгалло хаам бо суьртийн «Соьлжа-ГӀалахь – гуьйре» республикин VIII-гӀа конкурс дӀайолаелла хилар хоуьйтуш.
Библиотекин директоран Исраилова Сацитин жигараллица 2012-чу шарахь дӀайолийна конкурс, хӀорашеран ламасталлин конкурс а хилла, суьрташ дахар дукхадезачу нахана езаелла ца Ӏаш, гӀалин бахархошна а марзъелла.
Конкурс дӀаяхьаран коьрта Ӏалашо ю республикин а, гӀалин а бахархойн Соьлжа-ГӀалин историна тидам тӀебахийтар а, шен мохк а, ша веха гӀала а йовзийтар, цуьнан сий дарна дакъа юкъадиллийтар, цуьнца цхьаьна, вайн махкахь суьртийн искусство кхиорна Ӏаткъам бар а ду. Ишттачу конкурсашкахь гучубовлу кхоллараллин суй болу «суьрташ дахар дезарш». Конкурсехь дакъалаца йиш ю муьлххачун а. Суьртийн чулацам конкурсана тиллинчу цӀарца богӀуш хила беза. ГӀалин урамаш, паркаш, историн, культурин хӀолламаш, доцца аьлча Соьлжа-ГӀала дашо гуьйре кхачарна тоьшаллаш деш долу суьрташ хир ду тидаме эцнарш.
Конкурсехь дакъалоцучеран шайн белхаш хӀокху электронни адресца схьатаса йиш хир ю: chr-nb@mail.ru я электрони кепехь хӀокху адресца: Соьлжа-ГӀала, Угрюмовн урам,75 цӀа. Цхьана авторера схьоьцуш дерг 5 сурт хир ду. Конкурсантийн белхаш лахьанан (ноябрь) беттан 30-гӀа де тӀекхаччалц схаоьцур бу. Ткъа конкурсан жамӀаш довзийтар а, толамхошна совгӀаташ дар а гӀуран (декабрь) беттан 3-чу дийнахь дӀахьур ду.
З.ЯХЪЯЕВА