ХIокху деношкахь Подмосковьен «ПИРогово» яхтийн клубан базехь 2020-чу шеран гатанан спортехула (парусный спорт) долу къийсадаларш дIадаьхьира. Цигахь дакъалоцуш йолчу 18 командана юкъахь яра нохчийн «Ахмат» цIе йолу экипаж. Кхаа дийнахь дIадаьхьначу къийсадаларшкахь тоьллачарна юкъахь хилира иза. Финалехь Москварчу а, СанктПетербургерчу а командел ялх очко сов а йоккхуш, толаме кхечира вайн команда.

Дагадаийта деза, стохка дIадаьхьначу къийсадаларшкахь а иза толамхо хилла хилар. ХIинца, кестта хинйолчу Евролигин чемпионатехь гатанан спортехула Россин тоьллачу командин санна дакъалаца аьтто хир бу цуьнан.
МАГОМАЕВ Хан-Магомед