Коронавирусан пандеми хиларе хьаьжна ца Iаш, Нохчийчохь алсамдаьлла юьртан бахаман сурсаташ кхиор. Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «ВКонтакте» йолчу шен агIонехь. Цо билгалдаьккхина и кхиамаш а, гайтамаш а Россин Президента Путин Владимира гIо дар а, терго яр а бахьана долуш хилла хилар. «Цо сема куьйгалла дар а, цуьнан сацам боллу сацамаш а бахьана долуш, вайн ницкъ кхаьчна республикехь ондда машар хилийта, экономика когахIотто, саьлнашкахь Iуьллуш хилла Соьлжа-ГIала денъян, халкъана кхерамазалла, синтем, зазадаккхар хилийта. Оцу кхиамашка кхаьчначул тIаьхьа вайна дуьсуш дерг цхьа декхар ду – баьхна кхиамаш Iалашбар а, кхин а алсамбахар а», – аьлла Кадыров Рамзана.

Цо дагадаийтира Россин Президента Путин Владимира, дукха хан йоццуш, шен Россельхозбанкан урхаллин Председательца Листовой Борисаца хиллачу белхан цхьаьнакхетарехь Нохчийчоьнан бахархой хастийна хилар, цара агропромышленни комплекс кхиорехь жигара дакъалацарна. «Ша аьлча, къамел хилира кхузаманан «ЮгАгроХолдинг» теплицийн комплексан хьокъехь. Иза регионехь йина дIадолор долчу бахархойн харжийн чоьтах. Баккъал а, вайн республикехь тIаьхьарчу шерашкахь баккхий кхиамаш баьхна бошмашлелорехь а, даьхнилелорехь а. БIаьрла кхиамаш бахарца йовзийтина иттаннаша яккхийчу керлачу предприятеша. Уьш, олуш ма-хиллара, цIеначу кехата тIера дIаюьйлаелла ю. Царах ю «Нохчийчоьнан бошмаш», «Фруттис Групп», «Даймохк», «Агроинвест», «Кавказ» фирмаш, «Лидер-Р», «Жайна» ахархойнфермерийн бахамаш, «Нохчийн минеральни хиш» завод, кхиерш. Йина иттаннаш жижигкомбинаташ, даьхнилелоран бIеннаш фермаш», – билгалдаьккхина республикин Куьйгалхочо. Цо дийцарехь, еккъа цхьана «Лидер» компанехь вовшахтоьхна жижиган консерваш, йоьхьаш, берийн кхачанаш, малхбален марзалгаш арахецар, йина йоккха шурин комплекс, докъарийн туш. Уьш шоръеш ю. «Гуллакхдеш хиллачу а, керлачу а юьртабахаман проекташа республикин таро хилийтира 106 эзар сов стагана белхан меттигаш кхолла. Пандемица долчу хьоле хьаьжна ца Iаш, вайн аьтто баьлла хIокху шарахь юьртан бахаман сурсаташ гулдар алсамдаккха. Исс беттан жамIашца нийса а догIуш, уьш кхиийна 22,6 миллиард соьмана. Стохкалерчу гайтамал 13 процентана алсам хуьлу иза», яздина Кадыров Рамзана. Регионан Куьйгалхочо иштта билгалдаьккхина буьйцуш болчу муьрехь агропромышленни комплексан сурсаташ дозанал арахьа дIадахьийтар кхузза алсамдаьлла хилар. Цкъа а ца гулдинчу барамашкахь гулдина буьртиган ялташ. Церан юкъара барам 484,9 эзар тонне дIакхаьчна. Иза стохка хиллачул кхузза герга алсам ду.
Д.АНАДЕВ