А.Потемкин: «Кхузахь Мансур мел ву, чIагIонашкахь синтем хир бац»

1786-чу шеран юьххьехь дуьйна юха а алсамбовла буьйлабелира Шайх Мансурехьа берш. Эндерера мехкада Чепалов Iела-Солта а, гIумкийн мурза Чепалов Муртаз-Iела а, дукха хан йоццуш имамана тIаьхьара дIаваьлла хилла волу, юха а цуьнца берта а веана, къайллаха Нохчийчу веанера. «Iела-Солта, – яздора Чепаловн хьокъехь инарлапоручика Потемкина, – кхузахь кегари болабелчахьана дуьйна а коьрта гIоьнча а, доттагI а вара гIаттамхочун Ушурмин… иза гIумкийн ах сов яртийн дола деш хиларна, цуьнца долу доттагIалла муххале а пайден дара гIаттамхочунна. ХIунда аьлча, Iела-Солтин куьйга кIелахь берш гIаттамхочун тоьлла тIетевжийла яра».

Таркхойн шамхала (элас) Мухьаммада Российски администраце дахьийтинчу кехатехь, арз деш, хаам бара: «Мансурана гIо дар мел чIогIа дагестанхошна дехка гIертарх а, уьш Iаш бац. Уьш шайн лаамехь дIабоьлху гIаттамхойх дIакхета».

1786-чу шеран чиллин (февраль) беттан 20-чу дийнахьлерчу шен рапортехь инарлапоручика сийлахьчу эле Потемкине хаам бира Шайх Мансур волчу ши турко веана хиларан хьокъехь, шега шен агенташкара хаам кхаьчна хиларх лаьцна. Цара Имамана чIагIонаш йина Истамбулера цунна гIоьнна эскар а, яккхий тоьпаш а, ахча а доуьйтур ду, бохуш. Цу тайппана хаамаш кхечира Шелахь хиллачу агенташкара а. Мансур цу хенахь Шелахь Iаш вара. Изза хаамаш бора ГIобанал дехьарчу мехкашкахь а, Гуьржийчохь а болчу агенташа. «Туркоша шайн эскар доуьйтур ду бохучух тоьшийла дац», – билгалдоккхура инарла Потемкина, – хIунда аьлча, эскарш сехьа дохийла дац церан, ткъа ахчанах дерг аьлча, иза даийта тарло».

Цул тIаьхьа бутт баьлча, ГIизларчу гIопан коменданта Вешняковс хаам бира, шега аксайхойн элас Адыла дийцинчунна тIе а тийжаш, Портас Мансуре кехат даийтина, тIетоьхна Iаьржо кхо мухIар а долуш, бохуш. Дийцарехь и кехат ялх де хьалха дIадешна Аксай юьртарчу маьждигехь, берриге а юьртахой цигахь а болуш. Вешняковна хазарехь, и кехат деана Имама Макка а, Истамбуле а вахийтина хиллачу нохчичо Аджис. Оцу кехата тIехь Портас чIагIо еш хилла герггарчу хенахь Шайх Мансурана гIоьнна эскар а, яккхий тоьпаш а йоуьйтур ю бохуш. И хаам бинчул тIаьхьа дукхахболчу элаша а, узденаша а сацам бира Имаман лаамна тIеберза. Амма ларлуш болчу цхьа кIеззигчу элаша дIахьедира: шаьш оцу хаамах тешар дац туркойн яккхий тоьпаш шайн бIаьргашна ца гича, аьлла.

Шайх Мансуран жигараллех а, эскар вовшахтохарехьа цо деш долчу гIуллакхех а лаьцна хаамаш кхочура Россин Кавказехь долчу Iедале. Цундела иза йийсарварна я вийна дIаваккхарна арадаьккхина ахча а дара, ямарт нах а бара. Цхьаберш Кавказерчу чIагIонашкахь долчу оьрсийн эскаран куьйгалхошна тIе а оьхуш, ахча делча Имаман корта схьабан чIагIонаш еш хуьлура. Амма шайн чIагIо кхочуш-м ца ялора цаьрга. Кхин цхьа нах бара, Россин администрацин векалш шайх тешарх пайда а оьцуш, цаьргара ахча а доккхий, къайлабовлуш. Мухха а цкъа Ушурмин динан гIуллакхашкахула болчу гIоьнчех цхьаъ волчу IумарХьаьжин цIарах цуьнан ши мутаIелам Шелара дуьйна полковник Савельев волчу вахана хилла. Алимсултанов Курмат а, Турлов Мурдар а хилла и шиъ. Цаьршинца хилла ДевкарЭвлара узден Буматов Гулай. Цара полковнике дийцина: «Тхойшиъ Iумар-Хьаьжас ваийтина. Цо дош ло шен куьйга Мансур вен. Амма цунна Имаман коьртах ши эзар сом деза. Цо доьху шина эзарнах цхьаъ шен геланчашна дIадалар а, Девкар-Эвла дIадаийтар а». Полковника Савельевс, лакхарчу хьаькамийн бакъонца, Мансур вейта ахча дахьийтира. Оцу ахчанах гIаттамхоша герз эцна хиллера.

Инарла Потемкина Имам йийсар ван я вен къайлах омра а дина Нохчийчу хьажийра узден Баташ, шеца цхьаьна герзах йоьттина тоба а йолуш. Цигара, аьтто а ца баьлла, юхавеанчу уздена дийцина хилла Имам ша ларлуш а ву, чIогIа ларвеш а ву, иза вен я йийсар ван цхьа а аьтто а бац, бохуш.

Россин командованис цуьнца цхьаьна ламанхошка керл-керла кхайкхамаш бора «харц пайхамарна» тIаьхьара дIадовла, цунна гIо ма де, бохуш. Амма цунах гIуллакх ца хуьлура. Нохчий а, гIебартой а, гIобахилдехьарошца цхьаьна, тIеман разъездашний, пикеташний, Кавказан зилехь йолчу эскарийн чIагIонашний тIелетарш деш бара. Инарламайора Потемкина хаам бора нохчийн, бIе стагах лаьтташ йолчу, тобано, Терках сехьа а яьлла, Нижний Яр тогIина гена доццуш долчу Томски полкан тIеман гIаролна тIелатар дина, бохуш. Оццу дийнахь нохчаша йийсар лецира гIебартойн пурстоп, премьер-майор Ураков. Кавказерчу эскарийн командующис яийтина прокламацеш йовзуьйтуш ярташкахула лелаш хиллера иза. Паччахьан Iедало нохчашкара 500 соьмах ийцира эла Ураков.

Буру-ГIалина гонаха Iаш болу гIалгIай, оьрсашца цхьаьна Мансурана дуьхьал бара. Делахь а, 1786-чу шеран аьхка гIалгIайн мехкадайшка а, халкъе а Мансура рогIера кехат дахьийтича, уьш цIеххьана резахилира амалтхой бала а, нохчашца, гIебартошца цхьаьна Российски эскаршна дуьхьал дIахIитта а… Цу юккъехула Кавказерчу зилан чIагIонийн ерриге а йохаллера хьал гIоьртина а, кхераме а хилла дуьсуш дара. Ламанхошний, ГIобанал дехьарчу халкъашний юкъахь карзахе хилар вуно чIогIа дара. Кавказерчу эскарийн командующин инарла Потемкинан даре дан дийзира: «Кхузахь Мансур мел ву чIагIонашкахь синтем хир бац». …

Мансур вен а, иза ахчанца вейта я йийсар ван кхин некъ а ца карийна, российски Iедало сацам бира цунна тIехь харц цIе кхолла, иза аьшнаш ван, сийсаз ван, халкъашна юкъахь элдитанаш даржо, ламанхойн баьччин хьокъехь доцурш дийца. Иштта, Россин Iедалан векалша халкъашна юкъахь хабарш даржо долийра бусалба халкъаш имперех схьатохарехь иза Россин къайлах волу гIоьнча ву, бохуш. 1786-чу шеран асаран (июнь) баттахь оьрсийн командованис туркойн маттахь «къайлах» кехат хIоттийра. Иза яздинарг майор Абрамов Иван вара. Сацам бира кехатан копеш ГIизларехула чекхбовлучу эрмалойн совдегаршка дIасадахьийта. Амма оцу кехатца боьзна хилла баккхий сатийсамаш кхочуш ца хилира. Ламанхошна сихха гучуелира харцо, уьш ца тийшира оьрсийн Iедало даржош долчу питанах, эладитанах.

Цуьнца цхьаьна 1786-чу шарахь Россин Iедало хийцира ламанхошца дIахьош хилла къиза политика, иза хIинца мелла а кIадъеллера. Ламанхой берта балоран эвсаре кеп лерира, цхьамзанаш а доцуш, ахча. ХIоьънаш а, чаччамаш а детташ йолу «БIе йоккхачу тоьпо ца ло оьшучу хенахь, оьшшучу стагана деллачу бIе соьмо луш долу жамI», – олура Кавказерчу гIуллакхийн хьокъехь ойланаш ечу хенахь российски эскарийн командующис, сийлахьчу элас Потемкин-Таврическийс. Кавказерчу халкъашца кхоллаеллачу оцу керлачу юкъаметтиго дукха хан ялале дикка хийцира хьал, иза Россина бегIийла хеташ дара.

Амма и хьал данне а Шайх Мансурехьа дацара. Цо 1786-чу шеран мангалан (июль) баттахь ламанхой шена тIекхайкхира. Цаьрга дIахьедира ГIурбан Iийд дIа ма деллина тIамна гIовтта дезаш хилар. Вовшахкхета билгалъяьккхинарг Козьма хица йолу меттиг яра. Цигахь Имаман эскар эла Долан эскарца цхьаьнакхета дезаш дара. ГIаттамхойн барам гIебартойн а, гIалгIайн а ярташкара бахархой тIетохарца алсам а баьккхина, Мансур Буру-ГIаларчу гIопана тIелата дагахь вара.

Ц у н а х д е р г д у к ха с и ха дIакхачадо Кавказехь долчу эскарийн куьйгалле. Цо Ушурмина дуьхьал вохуьйту полковник Нагель, шен къизаллица дика вевзаш волу. Доккхачу эскарца Нагель Теркал дехьа а ваьлла, эла Долан махка кхечира. ЦIеххьана тIелетта цо дIадигира Долан а, цуьнан куьйга кIел болчеран а даьхни. Церан ярташ йохо, чIана яха, аренашкара ялта даго кечвелира полковник. Эла Долан ахархой тIамна кечбелира. Делахь а, оьрсийн даккхий эскарш гича, лаьмнашка юхабевлира. Бахархоша, сихха гулам а бина, Нагельна тIе къанойн тоба яхийтира, ялташ ма дагаде, уьш дагадахь тхоьга мацалла хIуттур ю, аьлла. Полковника дош делира, нагахь санна Дол а, цунна тIаьхьа хIиттинарш а дохко бовлахь, царах къинхетам байта… Дол, узденашца цхьаьна инарла Потемкинна тIебигира.

Массо хIуманна цара бехкевора Мансур. Шех тешийта гIерташ Мударов Долас дуккха а тамашийна хIуманаш, доцурш дийцира Имамах лаьцна. Шех чIогIа тешначу Долас ямартло яр вуно новкъаделира Шайх Мансурана. Кхолладелла хьал хийца лууш цо сацам бо дагестанхойн мехкада ЖIайхойн Умма-Хан шегахьа ваккха гIорта. Цунна дагахь а дацара дагестанхойн коьрта мехкада, дукха хан йоццуш кхуьнга даггара доттагIалла хьедина волу, пачхьалкхан Iедало эцна хир ву бохург. Умма-Хана нохчийн Имаман векалш тIеоьцучу хенахь цуьнан тешаме стаг, ГIизлара а веана, российски Iедална тешаме хила чIагIо еш вара Умма-Ханан цIарах. Эла Дол Россигахьа валаро а, Iедало цунах къинхетам баро а Мансурехьа болчеран ойланаш йохийнера. Уьш шайн кхолламна сагатдан бевлира. Мехкадай, узденаш, яртийн дай сихбеллера шайн бехкана къера хила. Потемкине яздинчу кехатехь эндерийн а, аксайхойн а мехкадайша хаам бора: «Тхо дерриге а дохко девлла ду харц имамана тIаьхьа хIиттина хилла хиларна, нагахь санна Ушурмина муьтIахь болу нохчийн тхан халкъашна зулам деш хилахь, тхан барт хилла царах лата».

Эла Долана тIаьххье имам дIатесира цуьнан шира а, тешаме а бIанакъост хилла волчу Чепалов Хьаьжас, Муртазалиевс. Чепаловс Iедална дош лора тешаме хила, Россин мостагIий схьалеца, уьш Iедале дIабала. Иштта чIагIонаш ца йича ца бовлура мехкадай шайн ялта, даьхни, бахам, шайн куьйгалли кIелахь болчеран дахар лардархьама.

ГI е б а рто й н эл и й , Та р к — хо й н ш а м х а л М у х ь а ммад, гIазгIумкийн мехкада Мухьаммад-Хан, Табасаранхойн мехкада, къеда Ростем, Дагестанера Каракайтагски Уцмин, Аксай а, Эндери а яртийн мехкадай, узденаш – берриге а Мансурах дIакъаьстинера. 1786-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь Кавказерчу чIагIонийн зилан тайпт а й п а н ч у м е т т и г а ш ка р а хаамаш бора Шайх Мансур ГIобанал дехьа ваьлла хиларан хьокъехь. ГIобанал дехьарчу халкъаша Имаме доьхура шаьш вовшахтохар а, шайна коьрте хIоттар а, гIаьпнашна а, разъездашна а тIелетарш дайтар. Россин эскаран командовани товбецан баттахь юха а Мансур йийсар ван гIоьртира. ГIебартойн а, Дагестанан мехкадайшка чIагIонаш яйтира Имам шайн ярташка кхачахь иза схьалацар а, Iедале схьавалар а тIелоцуьйтуш. Мансурана беш болу гуо гатлуш бара.

Мусаев Iалавди, юридически Iилманийн доктор

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: