Эсамбаев Махьмудан цIарах бульвар

Денна а хазлуш, толуш схьайогIуш ю Нохчийн Республикин пачхье – СоьлжаГIала. Тобина, кечбина керла урам схьабоьллу кхузахь хIора шарахь, майда, сквер, дина, дIахIиттадо лекха цIенош, схьайоьллу дешаран, спортан, культурин учрежденеш. Иштта, 2018-чу шарахь Соьлжа-ГIалин 200 шо кхочуш, схьайиллира дерриге а дуьненахь дика вевзаш волчу хелхарчин, Советийн Союзан халкъан артистан Эсамбаев Махьмудан цIарах йолу бульвар. Иза уггаре а хазачу урамех цхьаъ бу, нийсса гIалина юккъехула чекхболуш бу. Махьмудан петар яра кхузахь долчу цхьана цIа чохь. Иза дуьне мел ду, яккхий а, кегий а пачхьалкхашка кхочуш, концерташ луш лелаш вара. Амма шен цIа цо гуттар а Нохчийчоь лорура, хIунда аьлча цуьнан орамаш кхузахь дара. Цунна чIогIа дезара шен халкъ, шен ницкъ кхочучу кепара нахана гIо дора цо, ша СССР-н Лаккхарчу Советан депутат волуш а, кхечу даржашкахь волуш а. Мичча а гIалахь ша концерт луш хилча, зала чуван билет ца кхаьчна Нохч-ГIалгIайн республикера стаг арахь виснийла хиъча, цо концерт дIа ца йолайора, шен махкахо чу а валийна, зала чохь охьахааваллалц. Иштта боккха ларам бара цуьнан шен махкахошка, уьш муьлххачу къомах белахь а.

Цундела халкъана а везара иза, цуьнга боккха ларам а бара.

Ша цIа веана волчу хенахь, накъосташца Соьлжа-ГIалин урамашкахула волалуш Iедал дара Махьмудан. Иза нахах къехкаш вацара, чIогIа ийна вара цаьрца. Иза кхин цхьа бахьана а дара иза халкъана везаран. Бакъволу халкъан артист иштта хила а ма веза – шен халкъаца цхьаьна. Цуьнан баланаш а, лазамаш а хууш, цуьнан дика а, вон а доькъуш.

Эсамбаевн цIарах Соьлжа-ГIалахь урам, ма-дарра аьлча, бульвар хир ю аьлча, массарна а хазахийтира. Ткъа и бульвар то а йина, кеч а йина, схьайоьллучу дийнахь иза гIашлойн хир ю аьлла, Iедало дIакхайкхийча, къаьсттина доккха хазахетар хилира республикин бахархошна. Соцсеташкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана сийлахь хелхарча Эсамбаев Махьмуд винчу денна лерина пост язйина: «Хьоме доттагIий! Тахана сийлахьчу стеган, сийлахьчу нохчичун, россихочун, Социалистически къинхьегаман Турпалхочун, СССР-н Лаккхарчу Советан депутатан, дерриге а дуьнен чохь вевзаш волчу хелхарчин Эсамбаев Махьмудан вина де ду! Вай йоккхачу дегайовхонца дагалоцу шен хореографица, оьздангаллица, хьекъалца, Даймахке болчу безамца нохчийн халкъан а, берриге а Даймехкан а сий хьалаайина стаг. Шо шаре мел долу, халкъан Эсамбаев Махьмуде болу безам алсамболуш бу», – яздина Кадыров Рамзана.

Цо билгалдаьккхира Соьлжа-ГIали юккъехь йолчу бульварана вайн сийлахьчу махкахочун цIе тиллина хилар. Цуьнан цIарах ю «Даймохк» цIе йолу Пачхьалкхан хелхаран ансамбль.

«Нохчийчохь хIора шарахь дIахьош ю Эсамбаев Махьмудан цIарах йолу сольни хелхарийн Дуьненаюкъара фестиваль. Цига Россера а, кхечу пачхьалкхашкара а дукха дакъалацархой богIу. Москвахь, Пачкхалкхан «Россия» концертийн зала хьалха йолчу экъанна тIехь «Россин Федерацин седарчий» галерейхь гуттаренна дIаязйина ю Эсамбаевн цIе. Вай дозалла до Эсамбаев Махьмудах, бакъволчу турпалхочух а, сийлахьчу нохчичух а, Нохчийчоьнан а, Россин а сий айархьама къахьегна волчу. «Со тешна ву, Эсамбаев Махьмуде болчу халкъан безаман седа хIора шарахь кхин а сирла а, хаза а къегар бу», – билгалдаьккхина НР-н Куьйгалхочо.

Iаламан муьлхха а хIоттам хиларх Эсамбаевн цIарахчу бульвара тIехь дукха адамаш хуьлу, къаьсттина хIинца – гуьйранна. Шортта кегий нах бу кхузахь самукъадаларца гIалин коьртачу урамехула лелаш, меллаша, сих а ца луш, гонаха дерг тергалдеш буьйлалуш. Серлонна хIиттийна даккхий стогарш ду, садаIа, охьаховша хаза кечдина гIанташ ду, некъ бос болу экъа йиллина бу. Билггал бан а бу хIара Соьлжа-ГIалахь уггар а хаза урам. Республикин бахархоша а, хьешаша а «Соьлжа-ГIалин Арбат» аьлла цIе тиллина бульварана.

Арсанукаев Муса

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: