Регионна урхалла даран туш схьайиллина

Вайн республикехь схьайиллина регионна урхалла даран туш (РУТ). Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн республикин транспортан а, зIенан а министра Черхигов Рамзана.

Иза схьайоьллучохь дакъалецира Нохчийчоьнан Правительствон Председателан заместительша Магомадов Iабдуллас, Хакимов Хьасана, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела Умаров Джамбулата, транспортан а, зIенан а министра Черхигов Рамзана.

Бахархоша пачхьалкхан Iедалан кхочушдаран органашка, меттигашкахь шаьш урхалла даран органашка деш долу массо а тайпа дехарш, дIахьедарш, беш болу хаамаш, кхайкхамаш цхьаьнатухуш, цаьрга хьовсуш, церан хьесап деш хир ю и туш.

Цу юкъахь хир бу бахархоша социальни сеташкахь, блогашкахь, форумашкахь, кхечанхьа беш болу хаамаш.

«Регионехь пачхьалкхан а, муниципальни а урхалла даран керла кеп (модель) дIахIотторехь коьрта маьIна лелор ду оцу туьшо. Туьшан сервисаша таро лур ю йовхонан карташ хIитто, гIоьртина йолу меттигаш Iораяха, тайп-тайпанчу кIошташкахь, дакъошкахь хийцалуш долчу хьолана тIехь терго латто. Автоматизированни терахьийн системийн гIоьнца цигахь вовшахтухур бу дахаран-Iеран дерриге а дакъошкара хаамаш, церан хьесап а дийр ду», – элира Черхигов Рамзана.

Регионна урхалла даран туш кхоьллина Россин Федерацин Президентан В.Путинан «Регионна урхалла даран туш кхолларна а, цуьнга болх байтарна а кхачояран хьокъехь» долчу Указаца нийса а догIуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: