ХIокху шеран исс беттан жамIаш даро гайтина Россехь уггаре а кIезиг зуламаш Нохчийн Республикехь деш хилар. Оцу хьокъехь хаам бу Россин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон отчетехь. Зуламаш дар лахдаларца долу хьал дика ду иштта Къилбаседа ХIирийчоь – Аланехь. Цигахь 20,7 процентана лахделла зуламаш дар; Адыгейхь 14,1 процентана лахделла зуламаш дар; Тывахь 10,1 процентана лахделла зуламаш дар; Ярославан областехь 9,7 процентана лахделла зуламаш дар. Ткъа вайн республикехь и гайтам 20,7 процентана лахбелла. Делахь-хIета, вайн махкахь уггаре а кIезиг зуламаш дина Нохчийчохь хIокху шеран исс баттахь.
Нийсса бIостанехьа ду хьал Севастополехь а, СанктПетербургехь а, Смоленскан областехь а. Севастополехь 2020- чу шеран исс баттахь хьесапе эцна зуламаш стохка оццу муьрехь хиллачул 39,6 процентана алсам ду, Санкт-Петербургехь – 16,3 процентана, Смоленскан областехь – 15,6 процентана.
Хь.САИДОВ