Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа даккхий муъжизаташ делла хилла Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), Шен яккхий къайленаш схьайостуш. Иштта, даккхийчу Iаламатийн да а хилла вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Цуьнга доссийна уггаре а доккха Iаламат ду Сийлахь Къуръан. Вайн Элчанера (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхин а цхьа Iаламат ду ШариIат. Вайн, адамийн, хьекъал тIекхуьур доцуш, дахаран массо а агIо, адамийн ерриге а юкъаметтигаш юкъалоцуш ду цуьнан ШариIат. Мел хан-зама яларх, дахар мел чIогIа кхиарх, дуьненан массо а маьIнехь бусалбанийн дахаран некъ хилла лаьтташ ду ШариIат. Лаьттар долуш а ду авалера эхаре кхаччалц. Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) муъжизаташ, дагардина а вер воцуш, дукха ду. Цуьнан дехарца (АллахIан лаамца) бутт шина декъе бекъабелла; цуьнан карахь тIулгаша АллахIана тасбихь дина, иза хестош, цунна хастам беш; шен пIелгашна юккъехула охьаIийдалучу хица дийнна эскар хих Iабийна цо; цо доIа динчул тIаьхьа, Джабиран кIеззиг болчу кхачано дийнна эскар дузийна, цул тIаьхьа а ша ма-хиллара бисина иза, кхин лах ца луш; цо мунафикъаша къайлаха дан леринарг Iорадоккхуш хилла, церан дагахь дерг дуьйцуш хилла; цо хир ду аьлларг хуьлуш хилла, тахана а хуьлуш схьадогIуш а ду; шена тIе а хIоьттина цо хутIба деш (хьехам беш) хилла дечиган юьхк узурш дан йолаелла, иза мимбар тIе а ваьлла, хьехам бан волавелча; иза АллахIан Элча хиларна тоьшалла деш хилла мотт хууш доцу кегий бераш а, дийнаташ а. Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) муъжизаташ гина, хезна дуккха а нахана. Меттигаш нисъелла Мухьаммад Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIулгаша а, дитташа а: «Ас-саламу Iалайка, я РасулуллахI», – олуш саламмаршалла хоттуш. Цкъа, Делан Элча (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) шен асхьабашца цхьаьна Ухьуд лам тIе хьала ваьлча, лам леста баьлла. ТIаккха, Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лаьттах ког а тоьхна, аьлла: «ДIасаца, хIай Ухьуд. Хьуна тIехь верг цхьа Пайхамар а, бакъонан цхьа теш (Абу Бакр) а, ши шехIид (Iумар а, Iусман а) а ву». ТIаккха лам сецна лестачуьра. Хьаххийначуьра аьлча, Iумаран а, Iусманан а хьокъехь цо аьлларг тIаьхьа хила а хилира. Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхелхинчул тIаьхьа цу шиннах шехIид хилира.

ГIум аренца кхин а цхьа тамашийна хIума хилира. Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) новкъа схьавогIуш цунна дуьхьал кхийтира гIум-аренашкара вахархо. Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цуьнга хаьттира: «Хаза кхаъ хуьлийла лаьий хьуна?». Кхерсташ лелачо хаьттира: «ХIун кхаъ?», – аьлла. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Тоьшалла де, АллахI воцург кхин Дела а вац, Мухьаммад Цуьнан лай а, Элча а ву», – алий. Цо бохург дале хьалха кхерсташ лелаш волчо шена тоьшалла гайта элира. Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) гена доцуш лаьтташ долу дитт а гайтина: «И дитт ду-кх сан тоьшалла», – элира. Иза цуьнга вистхилира. Латта дIаса а тоьттуш дитт Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIедеара. Цо кхузза тоьшалла далийра АллахI воцург кхин Дела вац, Мухьаммад Цуьнан лай а, бакъ Пайхамар а ву, аьлла. ТIаккха ийман диллира гIум-аренийн вахархочо. Мухха а цкъа адамаш ламаз эца лууш хьаьвзира. Амма цхьана а меттехь хи дацара. Делан Элчанехь (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цхьана пхьегIи чохь хи дара. Цу чу куьйгаш Iоьттира цо. Юха асхьабашка дийхира, цхьацца шена тIе а вогIуш, ламаз эцар. Цуьнан пIелгашна юккъера хи эха доладелира. Цигахь мел хиллачо ламаз ийцира оцу пхьегIи чуьрчу хица, ткъа цигахь 300 стаг вара. ХIара тайпа хьал а хIоьттира. Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Мединатехь цхьана бешахь вара. Оцу бешахь бежаш хилла Iахар, цунна тIе а беана, сужуде бахара. Иза гинчу стага Мухьаммаде (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаьттира: «Оцу Iахарал а чIогIа тхо хьакъ дацара хьуна хьалха сужуде даха?». Цунна жоп луш, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Цхьа а вац цхьанна а хьалха сужуде ваха везаш».
Тамашийна кхин цхьа хьал а хIоьттира саьнгар йистехь тIом болчу хенахь. Бусалбанаш гIел а беллера, мац а беллера. ТIаккха цхьана асхьаба кIеззиг мукх а лехна, Iахарна урс а хьаькхна, Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дIакхайкхира. Цо ша дIавогIур ву, амма яй цIара тIера схьа ма эца элира, пешара бод схьа ма баккха элира ша цига дIакхаччалц. Цул тIаьхьа саьнгарна йисте а вахана, берриге а цига дIакхайкхира. Уьш тIекхочучу хенахь Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) «хIуп» элира яйна а, бепигна а. Эзар стага вуззалц хIума йиъначул тIаьхьа а яй буьззина ма бара, мекхан бепиг жимлуш а ма дацара, мел дукха цастарш цунах даьхча а. Доккха Iаламат дара иза. Цунах терра Iаламат хилира Табукехь а. Бусалбанашкахь яахIума вуно кIезиг яра. Йолуш ерг юккъе охьа а йиллина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Веза а, Сийлахь а волчу АллахIе доIа дира юучух беркат дар доьхуш. Мел яарх юург жимлуш яцара, мелхо а алсамйолуш яра. Иза массарна а тоьира.
Абу Бакраца (Дела реза хуьлда цунна) цхьаьна Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Маккара Мединате ваха ваьлча, шайца лай а, некъ хьоьхург а волуш, уьш четаршна тIекхечира. Царна чохь Iаш яра Умм Мабад цIарца евзаш йолу йоккха стаг. Некъахошна яа а, мала а латтайора цо.
Делан Элчано (Д елера салам-маршалла хуьлда цунна) шена тIебийхира цхьа уьстагI (жий). ГIийла бара иза. Шура луш а бацара. Цо цуьнан шинах, и хьостуш, куьг хьаькхира. Шин шурех буьзира. Цуьнгара яьккхина шура тоьира некъахошна, уьстагIан дайшна а йисира. Дукха меттигаш нисъелла Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элча хиларна дийнаташа а, хIинцца дуьнен чу девллачу бераша а тоьшалла деш. Цкъа Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цхьана бере хаьттира: «ХIай, бер! Дийцахьа со мила ву?». Цхьа де хьалха дуьнен чу даьллачу беро элира: «Хьо Делан Элча ву», – аьлла.
Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) даккхий Iаламаташ гойтура АллахIан лаамца. Амма цуьнга хьаьжна ца Iаш, цIуйшна корта бетташ берш цатешарехь чIагIбелира. Хьайгара Iаламат гайта, хьо пайхамар хиларан билгало гайта бахар даггара дацара церан, я уьш бакъо лоьхуш, цунна тIекхача гIерташ бацара. Уьш Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьшнаш хила, сийсаз хила лууш бара. Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Iаламаташ уьш шех тешорхьама гойтуш дацара, шен асхьабаш динехь, ийманехь чIагIбархьама гойтуш дара. Вайна, бусалбанашна, пайхамарийн (Делера салам хуьлда царна) хIора дийнан дахар, церан оьздангалла, гIиллакхаш мехала хила деза церан муъжизател, Iаламател. Бусалбанаш, хьекъале адамаш пайхамарийн Iилманна, цара дитинчу диканна тIаьхьадаза деза. Вайн Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) уггаре а доккха Iаламат ду-кха Дала Жабраил маликехула цуьнга доссийна Сийлахь Къуръан. АллахIах теша луучунна кхин хIун тоьшалла оьшу!? Везачу АллахIа Шен Элча – Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) къобалвинчех, бакъвинчех, лийринчех дойла вай. Цуьнан суннаташна тIаьхьадаза Дала пурба лойла вайна!
С.ХАСАНОВ