Вай, бусалба умматах долу адамаш, даима а Iемаш, хаарш лохуш, Iилмане кхийдаш, керланиг довза гIерташ хила дезаш ду. Вайн хьикматечу дайша а ма баьхна: «Аганара гIаттале дуьйна а керланиг довза гIерташ хила деза, Далла Iибадат дарехь, бусалба дин Iаморехь».
Бакъду, тхан чкъор къона долчу хенахь луьра дихкина дара Далла гIуллакх дар, Iибадат дар, дин Iамор. ХIетте а, вайн баккхийчара гечонаш лоьхура шайн дозалшна бусалба дин Iамо. Юьртахь кхо-виъ стаг бен ца хуьлура Къуръан деша, цуьнан маьIна дан хууш. Къайлаха, чета жуз лачкъадойтий, дешна стаг волчу хьажавора шайн доьзалхо цхьаболчара. Вукхо къайлаха цунна «алиф-ба» Iамадора. Гучудаьлча, беран дена а, Къуръан Iамош волчунна а Iедало (КГБ-с) таIзар дийр долуш хIума дара иза. Цундела дукхахберш кхоьрура. Церан бехк а бацара.
Оцу а, кхечу а бахьанашца доьзна тахана кIезиг бу кхузткъа шо кхаьчначарна а, царал кIеззиг кегий болчарна а юкъахь Къуръан деша, дешначун маьIна дан хууш берш. ХIунда ца Iамадо ахь? – аьлла хаьттича, ур-атталла, хIинц-хIинца шовзткъа шо къаьчначо а олу: «Жималла дIаяьлла, коьрто хIумма а схьа ца лоцу, иэс хьалхалера дац. Iамийнарг сиха дицло». Амма цара дицдо Iамо лиъча ца Iемаш хIумма а цахилар. Бусалба Iилма муххале а. Цунна тоьшалла деш дуккха а масалш ду.
Вайн Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) пайхамаралла доьссинчу хенахь цуьнан дукхах болу асхьабаш гIеметтахIиттина хилла (иза ша а хилла 40 шо кхаьчна). ХIетте а цара массара а кIорггера бусалба дин а Iамийна, Къуръанан дукхах долу аяташ дагахь а Iамийна. Шайх Халид Азхари «Азхар» маьждиган белхахо хилла. Маьждига чуьрчу къуьданашна чу даьтта доттар хилла цуьнан болх. Цкъа ларамаза цхьана мутаIеламна тIе даьтта Iанийна цо. Иза халахетта, вукхо мохь хьаькхна: «ХIай, жехIил стаг!», – аьлла. Цо и алар чIогIа новкъадеана Халидана. ТIаккха иза Iилма Iамо волавелла. Цу хенахь цуьнан 36 шо хилла. Доггаха иза Iаморна, шен заманан уггаре а сий-ларам болчу Iеламнахах цхьаъ хилла дIахIоьттина Шайх Халид Азхари. Иштта, шен 40 шо кхаьчначул тIаьхьа Iилма Iамо а волавелла цIеяххана Iеламстаг хилла Имам Къасан а, Имам Ибн Асакъир а. Ткъа Фузайл ибн Ияз еххачу хенахь талораш деш, некъаца дIасалелачу эмкалийн къепалшна тIелеташ хилла. Делан къинхетамца, и зуламаш дар а дитина, бусалба дин Iаморна тIевирзина иза. Цунах тIаьххьара а воккха Iеламстаг хилла.
Табиин Салихь ибн Къайс бусалба Iилма Iамо волвелла шен 70 шо кхаьчначу хенахь. Иштта, Табиин Зур ибн Хьубайш а волавелла Iилма Iамо шен 60 шо кхаьчначул тIаьхьа. Цуьнга хьаьжна доцуш, АллахIан цIена дин Iаморехь баккхий кхиамаш а баьхна цара.
Оцу хенахь данне а атта ца хилла бусалба дин Iамо. Амма цара халонашка хьаьжна ца Iаш, дуьненан хьашташна, дезаршна букъ а тухий, Делан дуьхьа Iилма Iамош хилла, уьш хааршка кхийдаш хилла, керланиг довза лууш хилла. Iилма Iаморхьама кхечу шахьаршка, пачхьалхкашка дIакхелхаш хилла. Иза-м стенна дуьйцура… Джабир ибн Iабдуллина хезна генна махкахь цхьа стаг ву Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цхьа хьадис хууш, аьлла. Шена и хезча, эмкал а эцна, баттахь цу тIехь некъ бина цо оцу хьадисе ладогIархьама, иза дIаяздархьама. Цаьрга-м кхачалур дацара вай. Дала доккха дика дина нах ма-хилла уьш. Амма бусалба Iилма-м Iамалур ду вайга, мало ца йичахьана, ойла жимма Далла тIе яхийтичахьана. Iамалур ду, воккхалехьа лестинехь а. И Iамо вайн вуно дика хьелаш ду. Массо а юьртахь хьуьжарш ю. Вайн оцу хьуьжаршкахь доьшуш а, дешна бевлла а бу 60 шарал тIехбевлла дуккха а баккхий нах. Царах цхьаберш хIинца шаьш шайн доьзалшна, лула-куларчу берашна хьоьхуш, Къуръан деша Iамош бу. Оцу бакъдолчо гойту воккха хилар бусалба дин ца Iамо бехказло цахилар. Ойла тIеяхийтича, мел воккхачунна а Iемаш ду бусалба Iилма. Иза тIечIагIдо аьлла хета вай лакхахь далийначу масалша а.
Везачу АллахIа Шен цIена дин Iамо, ойла цунна тIеерзо пурба а, товфикъ а лойла массарна а. Дала ийманехь совдохийла вай.
С. Хамзатов