Устрада-ГIалахь «Беркате поликлиника» ю

ТIаьхьарчу шерашкахь бахархойн медицинин хьашташ кхочушдаран Iалашонца Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министерствос кхочушъеш дуккха а проекташ а, программаш а ю. Царах цхьаъ ю баккхийчеран а, берийн а поликлиникийн болх ницкъ кхочучу барамехь тобина дIахIотторон некъаш лахар. Иштта кхоллаелла ю «Беркате поликлиника» аьлла проект.

Федеральни «МогашаллаIалашъяр» Къоман проектан гурашкахь кхочушъеш ю «Беркате поликлиника» проект. Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствос болх бо цу тайпа поликлиникаш вайн республикехь схьайоьллуш. Карарчу хенахь Устрада-ГIалахь схьайиллина, «Беркате поликлиника».

Поликлиникин балхе хьажаран Ӏалашонца цигахь хилира Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министр Сулейманов Эльхан. УстрадаГӀалин №1 йолчу больницин коьртачу лоьраца Бисултанов Мохьмадца цхьаьна иза хьаьжира «Беркате поликлиникехь» бахархойн хьашташ кхочушдар тодаран Iалашонца схьайиллинчу call-туьшан, регистратурин хьелашка а, ненан-беран чоьне а. Цигахь болх беш 2 оператор ву. Телефонехула заявкаш схьаоьцу оператора. Бахархойн лааме хьаьжжина, оьшуш волчу лоьрана тIекхача сихо ян гIо до цара.

Дархойн хан, ницкъ кхоорхьамма а, лоьрашна хуьлуш болу ницкь лахбархьама а юкъаялийна «Беркате поликлиника». И тайпа поликлиника хилча, регистратурашкахула, хан йойуш, лела дезаш ца хуьлу. Лоьре дIакхаьчна хуьлу шена тIевогIучу дархочух болу хаам.

Ткъа бахархой тIеэцар а шина декъехь нисдина: баккхийнах, бераш, цомгашнаш, могашнаш. Иштта, дицдина дац лоьрийн белхан меттигаш аьхна, аьтто болчу агIор хилийтаран гIуллакх а. Дийнахь сарралц болх беш йолу меттиг мелла а беркат, аьтто совболучу агIор хилийта хьовса деза. Наха беш болу кехатийн ах сов болх дIаболу компьютеран гIоьнца ишттачу поликлиникашкахь. Кехатийн, тептарийн балхо дIалоцуш хилла йолу лоьрийн хан хIинца дархочун гIуллакхна хьажо йиш хир ю. Поликлиники чохь долу хьелаш а дархошна аьтто болчу агIор нисдина ду. Карарчу хенахь поликлиникин сени чохь а, лоьрийн кабинеташ чохь а, берийн садаIаран-ловзаран майданашкахь а ремонтни белхаш чекхбаьхна, чу керла йийбар хӀоттийна, цӀена, аьхна ду схьагуш долу сурт.

З.ХИЗИРОВА Суьрта тIехь: Устрада-ГӀалин «Беркате поликлиника»

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: