
Товбецан (сентябрь) беттан 14–15-чуй деношкахь Москвахь хьехархошна юкъахь дӀаяьхьира «Къоман мотт а, литература а хьехарехь тьюторан тоьлла некъаш довзийтар» аьллачу темина лерина Ерригроссин конкурс. Оцу конкурсехь Нохчийн Республикин цӀарах дакъалецира Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан векалша. Уьш бара республикехь бевза хьехархой: Исраилова Луиза – Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан Ӏилманан лакхара белхахо; Мачаева Зарета – Невран кӀоштарчу Фрунзенски юьртан школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо; Эжаева Роза – Соьлжа-ГӀалин №4 йолчу гимназин юьхьанцарчу классийн хьехархо. Кхуьй а хьехархо конкурсан федеральни муьре кхаьчнера. Москвахь дӀабаьхьнарг очни мур бара. Хьехархойн хаарийн, хьуьнарийн мах хадош, конкурсан жюрихь бара филологин Ӏилманийн докторш а, кандидаташ а, педагогикин хьаьрмахь дика бевза хьехархой а. Конкурсан «Тоьлла сайт» номинацехь хьалхара меттиг Мачаева Заретас яьккхина.
Суьрта тӀехь: конкурсан дакъалацархой Мачаева Зарета а, Исраилова Луиза а. З.ЭЛЬДЕРХАНОВА