ЖамIе хьаьжча-м «Ростов» атта тоьлла моьттар ду

Россин Премьер-лигин чемпионатан 11-чу турехь Нохчийчуьра «Ахмат» команда Дона-тIерачуРостов гIалахь меттигерчу «Ростов» командица левзира. Хьалхарчу таймехь вовшашна рогI-рогIана тIелетарш деш ловзура футболисташ. Цкъа хьеший, юха хIусамдай герга хуьлура кхиаме кхача. Делахь а, цкъачунна цхьаьннан а аьтто ца болура гол тоха. Бакъду, матчан 24-чу минотехь хьешийн гIуданан майдана хьажийна тоьхначу буьрканна уггаре а хьалха тIекхиъначу «Ростоверчу» Хашимотос коьртаца тоьхна буьрка вайн футболистийн кевна чу яхара.

Хьалхарчу тайман чаккхенехь «Ахматан» жамI дIанисдан аьтто бара. Суьдахочо Матюнин Алексейс «Ростовна» 11 метран билгалонера гIуданан тохар дан бакъо елира вайн футболисташна. Мелкадзес тоьхначу буьрканна «некъ бихкира» кевнахочо Песъяковс.

ШолгIачу таймехь мелла а гIолехь ловзура «Ахматан» футболисташ. Гол тохарна герга вара Мелкадзе, Бериша, Харин. Делахь а, буьрка кевна чу ца йоьдура. Цхьаьнакхетаран 77-чу минотехь, шозза кIоршаме ловзарна, майданара дIаваьккхира вайн футболист Швец. Цул тIаьхьа ира, кхераме тIелатарш дан йолаелира «Ростов». Дукхазза а вайн команда кIелхьараяьккхира кевнахочо В.Гудиевс. Делахь а, матчана тIетоьхначу миноташкахь цуьнан а аьтто ца белира ша лардечу кевна чу буьрка ца тохийта. ЖамI 3:0 долуш хIусамдай тоьлаш чекхъелира матч. ЖамIе хьаьжча-м «Ростов» атта тоьлла моьттар ду. Амма иза данне а иштта дацара. Хала баьккхина толам бара иза. Цу тIе вайн футболист майданара дIа ца ваьккхинехь цхьаьнакхетар муха доьрзур ду а ца хаьара. «Ахмат» хIумма а вон ловзуш яцара «Ростовал».

Хь.САЙДАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: