ХIокху беттан 24–25-чуй деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Кавказан халкъийн культурин а, спортан а XI-гIа фестиваль. Нохчийн Республикин пачхьенерчу Ахтаев Увайсан цIарахчу волейболан цIийнехь фестиваль схьайоьллучохь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин спортан министр Матыцин Олег, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Правительствон председатель Хучиев Муслим, Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министр Кадыров Хьамзат.

ФИФА–2018 футболехула йолу дуьненан чемпионат вовшахтохарна а, дIаяхьарна а юкъа доккха дакъа дилларна мероприятехь пачхьалкхан Россин Президентера Баркаллин кехаташ дIаделира Даудов Мохьмадана а, Хучиев Муслимана а, Кадыров Хьамзатана а. Фестивалехь дакъалаца баьхкинера ерриге а КъилбаседаКавказан федеральни округерчу регионашкара а, иштта ГIирмера а, Севастополь гIалара а спортсменаш. Спортан тайп-тайпанчу кепашкахула къийсалуш бара уьш: яйн атлетика, мини-футбол, армрестлинг, муш озор, пха кхоссар, тIулг кхоссар, и.дI.кх. Къийсадаларш дIадаьхьира С.Билимхановн цIарахчу стадионехь а, «Олимпийск» спортан комплексехь а, «Рамзан» футболан академехь а. Ахтаев Увайсан цIарахчу волейболан цIийнехь мероприяти дIаерзочохь дакъалоцуш вара Россин Федерацин спортан министран заместитель Байсултанов Одес, Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министр Кадыров Хьамзат, Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди.
Къийсадаларийн жамIашкахула фестивалехь кхоалгIа меттиг яьккхира ГIебартойн-Балкхаройн Республикин командо, дато совгIат даьккхира Дагестан Республикин командо, ткъа фестивалан толамхо Нохчийн Республикин команда хилира. Тоьллачу командашна мидалшца а, кубкашца а совгIаташ дира.
РогIера Кавказан халкъийн культурин а, спортан а XII-гIа фестиваль ГIирмехь дIахьур ю.
I.МУРТАЗОВ