Ерригроссин «Федерация» шолгIа фестиваль, эсаран (октябрь) беттан 17-чу дийнера 25-чу дийне кхаччалц, дӀаяьхьира Соьлжа-ГӀаларчу Д.Омаевн цӀарахчу даздарийн цӀийнехь.

Дагадаийта лаьа «Федерация» хьалхара фестиваль Соьлжа-ГӀалахь 2019-чу шарахь дӀаяьхьна хилар. Фестиваль дӀахьош ю Россин Федерацин культурин министерствон а, Россин театрийн гIуллакххойн Союзан а дӀадолорца, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Нохчийн Республикин культурин министерствон а гӀоьнца.

Фестиваль дӀаерзоран суьйренехь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев ХожБаудис. Фестивалан дакъалацархошна а, хьешашна а леринчу баркаллин дашехь министра билгалдаьккхира дӀадаьлла кӀира культурин хьаьрмахь къеггина, чулацаме хилла хилар. «Къастар даима а хуьлу хала, амма вайга хьоьжуш керла цхьаьнакхетарш, гергарлонаш ду. Тхуна а дицлур дац аш спектаклаш, мастерклассаш, цхьаьнакхетарш вовшахтухуш даьккхина кӀира», – элира Х-Б.Дааевс. Фестивалан директоран Ахмадова Хьаван а, программин директоран Корчак Еленин а, фестивалан Экспертни а, исбаьхьаллин а советан а белхаш билгалбехира министра. Фестивалехь дакъалоцуш хиллачу къоман 11 театран болх а билгалбаьккхира цо. ХӀора театро гайтина спектакль мехала хиларна а тидам тIе а бахийтира. Царна совгӀаташ динчул тӀаьхьа Ӏ.Шахбулатовн цӀарахчу нохчийн пачхьалкхан филармонин а, Х.Нурадиловн цӀарахчу пачхьалкхан къоман театран а артисташа, иллийн а, хелхарийн а «Заманхо» ансамблан солисташа концертан программа гайтира. «Федерация» фестиваль хӀорашеран ламасталлин ю. Иза Нохчийн Республикехь дӀахьош ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дӀадолорца.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА Суьрташ тӀехь: «Федерация» фестиваль ерзор.