ХIокху деношкахь Гуьмсе гIаларчу Россин спецназан университетан базехь йолчу Goodsky аэродинамикин комплексехь, «+7» цIе йолчу Россин регионаш кхиоран фондан гIоьнца дIайолийра, шайх теранаш дуьненахь кхин йоцу могашалла дика йоцчу берашна реабилитаци яран курсаш. Курсаш мел кхиамца дIайоьлху хьажа цига веанера Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун нуьцкъаллин блокехула волу гIоьнча, Россин Федерацин ФСВНГ-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин хьаькаман хьалхара заместитель Мартынов Даниил а.

Иза Iилманан-талламан проект ю. Дуьххьара аэродинамикин турбанах, ДЦП-н а, ОВЗ-н а цамгарш йолчу берашна дарбадаран кепах санна пайдаийцира пхи шо хьалха Москва гIалахь.

Курсийн жамIаш Iаламат дика ду. Вайна хеташ хиллачул а тоьлла хилла уьш. Оха талламаш дIахьо уьтталгIа де ду тахана, бераш а, бакъдолуш, дикачу агIор дикка хийцаделла. Хьалхарчу деношкахь, бераш, къамелана тIера доцуш, дех-ненах лечкъаш, курсех кхоьруш хиллехь а, хIинца шайна лаа а лууш, пайдаоьцу цара шайна дечу дарбанах, – дийцира Мартынов Даниила.
Гуьмсехь йолчу Россин спецназан университетан Goodsky аэродинамикин комплкексан инструкторш лаккхара говзалла йолуш а, иштта уьш, ОВЗ цамгар йолчу берашца болх баран дукхашерийн зеделларг долуш а хилар бахьанехь, кхиарехь тайп-тайпана сакхташ долчу берашца, говзанчийн методиках пайда а оьцуш, интенсиван программа кечъян аьтто белира. Проектехь дакъалаца, Россин тайп-тайпанчу регионашкара 6–14 шераш долу бераш далош баьхкинера церан дайнаной. Акустикин спектр талхар а, тидаме хилар а, гипержигаралла цатоар а, лелар талхар а, кхидолу кхачамбацарш долу а бераш дара уьш. Goodsky аэродинамикин комплекс ерриге Россин Федерацехь а тоьлла хьелаш долуш хиларо а, Нохчийн Республикин МогашаллаIалашъяран министерствос массо а агIор гIо-накъосталла даро а таро ло и башха курсаш Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь дIаяхьа.
I.ТЕРЛОЕВ Авторан суьрташ тIехь: мероприятин дакъалацархой