Россин тIеман-историн юкъараллица цхьаьна гIуллакхаш дан барт бина

Нохчийн Республикин Правительствон председатела Хучиев Муслима а, Россин тIеман-историн юкъараллин директоран декхарш кхочушдеш волчу Орлов Андрейс а цхьаьна гIуллакхаш дан бинчу бартана куьйгаш яздина.

Цо гIо дийр ду Нохчийн Республикин халкъийн культурин-историн тIаьхьалонаш Iалашъян а, йовзийта а. «Россин тIеман-историн юкъараллин директоран декхарш кхочушдеш волчу Орлов Андрейс а, ас а куьйгаш яздина оцу декъехь оьшучу документана. Билгалдаккха лаьа, чIагIбинчу барто таро лур ю Даймохк ларбина НГIАССР-н бахархой иэсехь латторехь беш болчу балхана.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Р.Кадыровн гIо-накъосталла а, Россин тIеманисторин юкъаралло гIолацар а бахьана долуш, Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин сийнна хIоллам схьабиллина, иштта, гIараваьллачу нохчийн танкистана, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман Турпалхочунна Мазаев Маташана, Советийн Союзан Турпалхошна: Висаитов Мовлидана, Иодис Александрана, Идрисов Абухьаьжина, Магомед-Мирзоев Хаважина, дуккха а кхечарна а. Нохчийчоьнан бIеннаш урамаш ду вайн Турпалхойн цIарах», – элира М.Хучиевс.

Нохчийн Республикин культурин министран Дааев Хож-Баудин куьйгаллица Россин тIеман-историн юкъараллица цхьаьна боккха болх бу беш, тIеман-историн тIаьхьалонаш ларъярна а, патриотизм кхиорна а, халкъашна юкъара машар чIагIбарна а, иштта, даймехкан тIеман истори харцахьа яккхарна дуьхьало ярна а тIехьажийна. А.Орловс билгалдаьккхира бинчу бартаца ша йоккха дегайовхо йолуш хилар. Цо республикин Куьйгалхочунна баркалла элира историн бакъдерг лардарна доккха дакъа юкъадилларна.

Л.РАГИМОВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: