Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо 10 миллион сов сом ахча делла буобераш кхиош болчу доьзалшна. ХIора доьзална делларг 30 эзар сом ду. Цул сов, оцу фондо республикин ерриге а кIошташкахь доккха сагIа даьккхира хьашто йолчарна кхачанан сурсаташ а, ахчанаш а доькъуш. Регионан юкъараллин фондан Президентан Кадырова Айманин сацамца чIогIа хьашто йолчу бахархошна 150 эзар булка бепиг, 50 эзар котаман жижиг, 38 эзар 900 бот хIуш, 67 эзар 300 бот мерза чуьппалгаш дIасайийкъира