Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархочун цIе тиллина

Россин юкъарчу халкъан фронтан Ерригроссин «Турпалхочун урам» проект кхочуш а еш, Грозненски кIоштарчу Аьхкин-Борзе (Правобережное) юьртарчу паркана Сийлахьбоккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархочун, юьртарчу вахархочун Мазаев Ахьмадан цIе тиллина. Цунна и цIе тилларна леринчу даздаршкахь дакъалецира Нохчийчоьнан Парламентан депутаташа, Iедалан векалша, Iеламнаха, тIеман дакъалацархочун гергарчара, юьртарчу кегийрхоша. Кхузахь вовшахкхеттачара дуккха а довха дешнаш элира шайн турпалчу махкахочух, юьртахочух лаьцна.

«Иза гIиллакхе, оьзда, эхь-бехк долуш стаг вара. Меттигерчу совхозехь болх беш вара иза. Пенсе ваханчул тIаьхьа цо дукха хан дIалора школахой, кегийрхой патриоталлин ойланехь кхетош-кхиорна. Мазаев Ахьмада дика кIентий кхиийна, церан дика кIентий кхиъна. Турпалхо 2008-чу шарахь кхелхина. Иза юьртахоша тахана а дагахь латтош ву», – элира Грозненски муниципальни кIоштан депутатийн советан председатела Магомедмирзаев Мусас.

Мазаев Ахьмад дуьнен чу ваьлла 1920-чу шарахь. Иза шен лаамехь фронте вахара Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболабелча. Гварди сержанта дакъалецира Украина, Молдави, Болгари, Румыни, Венгри фашистех паргIатйоккхуш. Фашистийн Германина тIехь толам баккхаран хьокъехь кхаъ Югославехь кхечира цуьнга. ТIамехь шегара майралла, доьналла, стогалла гайтарна А.Мазаевна совгIаташ дира ТIеман ЦIечу Байракхан, Даймехкан тIеман II-чу а, III-чу а даржийн, Сийлаллин кхаа а даржийн орденашца, дуккха а мидалшца

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: