Нохчийн Республикин Къоман музейхь схьабиллина шен цIе дуьненна а евзаш волчу суртдиллархочун Купер Юрийн гайтам. Цуьнан цIе «Сан театр» ю.
Гайтам лерина бу авторан 80 шо кхачаран юбилейна. Хьовсархошка ирс эцийта дIахIиттийна театрана дехкинчу, театрана леринчу суьрташа.
Нийсса баттахь вайн республикин бахархойн а, хьешийн а аьтто хир бу говзанчин башхачу суьрташка хьовса, цуьнан дуьнене болу хьежамаш бовза, цунна хIокху дуьненан хиламаш муха го хаа. И дерриге а цуьнан суьрташа бIаьрла гойтуш ду.
Ю.Куперан «Сан театр» гайтам Соьлжа-ГIалахь дIабахьа аьтто баьлла Нохчийн Республикин Культурин министран хьалхарчу заместителан Кадырова Iайшатан дIадолор а, гIо а бахьана долуш.
Купер Юрий живописец, график, театран суртдиллархо, архитектор, иллюстратор, поэт, прозаик ву.
Цуьнан белхаш Iалашбеш бу Пачхьалкхан Третьяковскийн галерейхь, Пачхьалкхан Эрмитажехь, Метрополитен музейхь, Францин Культурин министерствон коллекцешкахь, США-н конгрессан библиотекехь, Малхбален Ингалсан Сейсберин изобразительни искусствон туьшахь, А.С.Пушкинан цIарах йолчу изобразительни искусствон пачхьалкхан музейхь, дуккха а кхечу музейшкахь, нехан цIахь.
Хь.САИДОВ