«Синмехаллийн» шолгIа мур

Республикин «Синмехаллаш» телепроектан ХII-чу фестиваль-конкурсан шолгIачу муьран цхьаьнакхетар Грозненски кIоштарчу Девкар-Эвлахь дIадаьхьира.

Нохчийн гIиллакхашкахула а, иллешкахула а, мукъамашкахула а, нохчийн мотт цIена бийцарехула а шайн хьуьнарш къовсуш яра Хьалха-Мартан кIоштара а, Шелковски кIоштара а командаш.

Хууш ма-хиллара, «Синмехаллаш» проект нохчийн Iадаташ, гIиллакхаш, ламасташ довзийтаран Iалашонца дIахьош ю. Делахь а, юьххьехь дуьйна баккхийчара а чIогIа ларъеш, уьш хьовсуш ю иза. Къаьсттина баккхийчарна хазахета командаша нохчийн доьзалерчу хьолан сурт гойтуш. Иштта, бIаьргах хи доккхуш, дагахкхеташ сценкаш а хуьлу церан. Проект кхачаме хир яцара оцу дерригенца а нохчийн забар йовзуьйтуш яцахьара. Вайн дайн даима а забар еш Iедал хилла. Амма оцу забаран а хилла ларбан безаш шен бехкамаш. Забар хьаьнг-хьаьнга еш ца хилла, жимачо воккхачуьнга еш ца хилла, я стаг аьшнаш веш, еш ца хилла. Дукха хьолахь, нийсархоша вовшашца, я воккхачо жиманиг хьовзош а еш хилла.

Проектан куьйгалхоша а, командийн декъашхоша а доггах къахьегарна, ца кIордош, халкъалахь сий-ларам болуш ю и проект. Конкурсан шолгIачу муьрехь командаша шайн хьуьнарш гайта дезара кехат-пондара тIехь мукъам балорца а, гIиллакхийн сценка гайтарца а, мукъам боцуш, зудабераша йиш лакхарца а, забаре сценка, куьйгаговзалла гайтарца а.

Жюрин жамIашца толам баьккхира Хьалха-МартантIерчу командо. Дагадаийта лаьа шолгIа мур дIаболош левзинчу Гуьмсан а, Шелан а командашна юкъахь Гуьмсерчу командо толам баьккхина хилар. ШолгIачу муьран кхоалгIа къовсам Невран а, Итон-Кхаьллан а кIоштийн командашна юкъахь дIахьур бу.

ВЕГИЕВА Макка

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: