России МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхалло Соьлжа-ГӀалин Октябрьски кӀоштан цхьана берийн бешахь цӀеяларан бохамах лардала Ӏаморан а, иштта МЧС-н цӀеяйаранкӀелхьарадахаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран а Ӏалашонца Ӏамораш дӀадаьхьира.

Ӏамораш дуьйладелира хаамийн системо цӀе яьлла аьлла, хаам барца. Дукха хан ялале, ПСЧ-3-н декъан цӀеяйархой схьакхечира. ЦӀеяйархоша уггаре а хьалха «цӀе яьллачу меттигехь» долу хьал теллира, лазийна я чов хилла цхьа а вуй хьоьжуш, лазийнарг леррина башлакх тиллина кIелхьара а ваьккхина, цул тӀаьхьа цӀе дӀаяйъира. ГӀишло чохь чӀогӀа кӀур болуш санна сурт дара хӀоттийна. И бахьанехь цӀеяйаранкӀелхьарадахаран белхахоша леррина садаӀар лардеш долу духарш а дуьйхина бора болх.
Ӏамораш дӀахьочу ханна цӀеяйархоша берийн бешана тӀедогӀучу некъийн хьал а теллира, иштта цӀеяйаран гӀирс кхачаме буй а хьаьвсира уьш.
Цул тӀаьхьа цӀеяйаран-кӀелхьарадахаран белхахоша цӀеяларан бохамах лардала дезаш хиларх лаьцна хьехам бира берийн бешан кхетош-кхиорхошна а, белхахошна а.
КАНТАЕВ Абу