ХIокху деношкахь Наро-Фоминск гIалахь дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Россин чемпионат.

Вайн республикера цигахь дакъалоцуш бара «Ахмат» спортан клубера спортсменаш.
Къийсадаларш дIадаьхьира деа дийнахь. Цигахь хьалхара меттиг а йоккхуш, дашо мидал яьккхира Жамалов Разамбека (74 кг), дато мидал яьккхира Чакаев Ахьмада (68 кг), йоьзан мидал яьккхира Садулаев Муслима (62 кг). Иштта кхиамаш баьхна цIа баьхкина «Ахмат» спортан клубера спортменаш. Карарчу хенахь гIуран (декабрь) баттахь Белград гIалахь хинйолчу Дуьненаюкъарчу турнире баха кечамаш беш бу спортсменаш.
З.ШИШХАНОВА