Кху деношкахь М.Ю.Лермонтовн цIарахчу пачхьалкхан оьрсийн драматически театрехь дIадаьхьира «Они сражались за Родину», «Нохчийн Республикин халкъан а, хьакъболчу а хьехархойн энциклопеди» книгаш йовзийтар. Уьш арахецнарг а, йовзийтар вовшахтоьхнарг а яра Нохчийн Республикин дешаран белхахойн Профсоюз. Цигахь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Курашева Екатерина, лакхахь хьахийначу Профсоюзан председатель Герзелиев Хизир, Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президент Дадашев Райком, иштта, Ставрополера, Ростовера, Астраханера, Волгоградера, Кхарачойн-Чергазийчуьра, ГIалгIайчуьра, Хасавюьртара, ГIалмакхойн Республикера, Къилбаседа ХIирийчуьра – Алания дешаран белхахойн Профсоюзийн председательш, Нохчийн Республикин халкъан а, хьакъболу а хьехархой.
Цхьаьнакхетар долош вистхилира Герзелиев Хизир. Цо билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин халкъан а, хьакъболчу а хьехархойн энциклопеди шолгIа арахецна хилар.
– Хьалхарчу книги тIехь 300 сов хьехархо бен вацара. Ткъа хIинца араяьллачу энциклопеди тIехь 461 халкъан а, хьакъболчу а хьехархойн цIерш ю. Иза доккха дозалла хета суна. Иштта вай йовзуьйтуш ю «Они сражались за Родину» книга а. Цу тIехь ю Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцначу республикин 40 хьехархочун цIе. Амма уьш кхин а дуккха а хилла. Тхо тешна ду иштта книга кхин а араериг хиларх, – элира Х.Герзелиевс.
Аштаркхан областерчу дешаран белхахойн Профсоюзан председатела Бугреева Татьянас элира: «Кху цхьаьнакхетаре тхо кхайкхарна баркалла шуна. Тхо даккхийде кху кепара хаза, маьрша зама Нохчийчохь хиларх. КIезиг хIума дац йоццачу хенахь тIеман цхьа а лар ца юьтуш республика меттахIоттор. Иза цхьана Нохчийчоьно дина а ца Iаш, ерриге а Россис дозалла дан хьакъ ду. Ас сайн белхахошка а, бевза-безачаьрга а, иштта, дозанал арахьарчу сайн гергарчаьрга а дуьйцур ду Нохчийчохь долу хьал. Довзуьйтур ду шун къоман хаза гIиллакхаш. Суна мехала хета дешаран белхахойн Профсоюзо и ши книга арахецар. Баркалла шуна. Хазахета хьехархойн иштта терго йина. Цара беш берг баккъал а хала болх бу. Хьехархо даима а ву дешаран гIуллакхана г1аролехь лаьтташ. Берашка дешийтар, царна дика, вон къасто Iамор мехала хIума ду.
Россехь дуккха а къаьмнаш ду. Вайн барт мел бу, вай цкъа а цхьаьнгга а эшалур дац. Шайн балха тIехь кхиамаш а, кхидIа къахьега могашалла а, собар а хуьлда массо а хьехархочун».
Цхьаьнакхетаре баьхкинарш ойлане бохуш, Нохчийн Республикин хьакъволчу актера Темишев Султана йийшира вевзаш волчу яздархочо Симонов Константина язйина «Жди меня» байт. Иштта церан самукъадоккхуш, Россин Федерацин халкъан артист Хлебников Валерий коьртехь волчу Шахбулатов Iаднанан цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан симфонически оркестро концерт елира.
З.САГАЕВА
Авторан сурт
№ 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо