Россин Федерацин Юкъараллин палато «ТОП-1000 локальных культурных и туристических брендов России» аьллачу конкурсехь дакъалацаре кхойкху субъектийн векалш.

Иза, Оьрсийн географин юкъаралло а, Стратегин дӀадолорийн агентствос а, Хьошалаллин индустрин дерригкъоман союзо а гӀо а деш, интерактиван а, терахьийн а «живоенаследие.рф» (livingheritage.ru) платформи тӀехь дӀахьош ю.
Лакхахь билгалъяьккхинчу «Живое наследие» платформи тӀехь аьтто бина сийлахь а, евзаш а, гӀараевлла а меттигаш тӀетоха.
Конкурсехь, ТОП-1000 сийлалла (меттиг) къасторал сов, меттигех лаьцна дика яздинчарна а, ешархошна тайначу яздарийн авторшна а, иштта, гӀо-накъосталла [конкурсана] дечаьргара леррина совгӀаташ а лур ду.
Вовшахтохархошна хетарехь, ТОП-1000 юкъа шайн-шайн меттигашкахь евзаш а, езаш а йолуш меттигаш гӀур ю – уьш, тӀаьхьалонна, туристашна а, инвесторшна а битаме хета меттигаш а хилла, дӀа а хӀуьттур ю.
Билгалдоккху и проект Президентан грантийн фондо а, Россин Федерацин Юкъараллин палато а дӀахьош хилар.