2020-чу шеран эсаран (октябрь) 1-чу дийнахь дӀадолийна, гӀуран (декабрь) беттан 31-чу дийне кхаччалц йолчу юкъанна Нохчийн Республикера 500 жима стаг хьажор ву Россин Федерацин эскаре.

Оцу балхана Ӏуналла деш ю Нохчийн Республикин тӀеман комиссариат.
Къилбан тӀеман округан буьйранчин декхарш ханна кхочушдечу инарла-лейтенанта А.Авдеевс, Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзане ша яздинчу кехатехь, оцу балхана гӀо-накъосталла дар дехна.
Билггал аьлча, кехатехь доьхучу «гӀо-накъосталлина» юкъа Нохчийчоьнан кӀошташкахь шайн белхаш бечу тӀеман комиссариаташна гӀо дар а, эскаран гӀуллакхаш кхочушдан декхарийлахь болу кегийнах комиссариташка дӀасабигарехь гӀо дар а, и.дӀ.кх.а догӀу.
Эскаран гӀуллакхаш кхочушдан декхарийлахь болу кегийнах 18 шарера 27 шо кхаччалц берш лору.
Россин Федерацин эскархочун декхарш кхочушдан магор волу жима стаг могаш волуш а, халкъана а, махкана а хьалха шен жоьпалла девзаш а, баккхийчара а, Ӏедало а бохург, къестамаш а ца беш, кхочушдеш а хила веза.
Цул сов, эскархочун корматаллица догӀуш долу лаккхара Ӏилма а, хаарш а Россин ДОСААФ-шкахь Ӏамийна а, карадерзийна хилар а боккха Ӏаткъам болуш ду.