Къоначу суьрташдахархойн школа

00f03

дIаяьхьира кху деношкахь Соьлжа-ГIалахь. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхийн министерствос.

Нохчийн Республикехь хилла ца Iаш, Къилбаседа Кавказехь а бевзаш болчу суьрташдахархоша деа дийнахь мастер-классаш дIаяьхьира, лекцеш йийшира.  Хьалхарчу дийнахь экспозицин билгалонех а, студехь суьрташ дахаран башхаллех а лаьцна дийцира суьрташдахархочо Яралиев Юсуп-Хьаьжас. Цу белхан зеделларг хиларе терра (шен фотостуди ю цуьнан), Юсуп-Хьаьжина дика евза суьрташдахаран технически аг1онаш. Мастер-классан хьовсархошна юкъахь дукха бара «диафрагма», «исо», «выдержка» бохучу дешнийн маьIна ца девзарш а, билгалбаьхна барамаш фотоаппарата тIехь муха нисбан беза ца хуурш а. Цундела, керланиг довзарехь, хазахеташ йолу говзалла (суьрташдахар) караерзорехь кегийрхошна мехала цхьаьнакхетар дара иза.

Суьртийн школин шолгIачу дийнахь, дика вевзаш волчу суьрташдахархочо, «Грозный-информ» хаамийн агентствон корреспондента Вахаев Казбека репортажан жанрехь суьрташ дахарх лаьцна дийцира. Суьртийн журналистикин башхаллаш йовзийтинчул тIаьхьа, мастер-классан ладогIархойн кхолладеллачу хаттаршна жоьпаш а делира К.Вахаевс. Цхьа тIедиллар а дина, суьрташ даха хьуо воьдучу хенахь, хьайн бан безачу белхан а, цу белхан жамIан а сурт коьрта чохь кхолладелла хила дезар билгалдаьккхира цо. «Нагахь санна, ахь суьрташдахархочун говзалла хаьржинехь, хьан дахаран дакъа хуьлу фотоаппаратах, айхьа йоккхучу хенахь цунах возуш хуьлу хьо», – элира Казбека.

КхоалгIачу дийнахь нохчийн суьрташдахархочо Берсаев IабдуллахIа а, Россехь а вевзаш волчу Iаламан суьрташдахархочо Агиров Тимура а шайна зеделларг  довзийтира. Россин тайп-тайпанчу регионашкахула Iаламан суьрташ дохуш лелла ву Т.Агиров. Ткъа Берсаев IабдуллахIа сурт даккхаза Нохчийчоьнан исбаьхьа меттиг йисина а хир яц. Къаьсттина дукха лаьмнийн меттигашкахула лела иза. Кхача уггаре а хала долчу меттигийн а цхьаьна (ГаланчIожан, Итон-Кхаьллан, Шаройн, Шуьйтан, кхийолчу а районашкахь) тдаьхна суьрташ ду IабдуллахIан.

ДоьалгIачу дийнахь Яралиев Юсуп-Хьаьжица кхин цкъа цхьаьнакхета а, цуьнан фотостуде кхача а таро хилира къоначу суьрташдахархойн. Шаьш хаьржинчу говзаллехь кхиа а, суьрташдахаран искусствон чолхенаш йовза а, гIарабевллачу суьрташдахархойн зеделлачух пайдаэца а дика аьтто хилира кегийрхойн. Суьртийн школехь дакъа мел лаьцначо воккхаверца дуьйцура мастер-классашкахь, лекцешкахь шайна хиллачу битамех лаьцна. Цу тайпа цхьаьнакхетарш церан кхоллараллин новкъахь дуккха а хуьлда.

А.ВАХАЕВА

 № 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: