«Россин Хи – 2015» СМИ-н Ерригроссин конкурс

«Россин Хи – 2015» СМИ-н Ерригроссин конкурс дIахьош ю «Хинбахаман комплексан хаамийн-хьесапдаран туш» ФГБУ дIадолорца. Конкурсан Iалашо ю журналистийн, Iедалан органийн тидам мехкан хиш цIена латторна тIебахийтар, бахархошкахь хин тIалам баран ойла кхоллар, хинбахаман комплексан проблемаш шуьйра йовзийтарна журналисташ жигара юкъаозор.

Конкурсехь дакъалаца йиш ю Россин Федерацехь регистраци йинчу муьлххачу а шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалийн а, журналистийн а, блогерийн а, хаамийн агентствийн  а, ткъа иштта Россин хинбахаман комплекс кхиорна лерина медийни контент кечъеш йолчу коммерчески йоцчу организацийн а.

Конкурсе дIаоьцу оьрсийн маттахь язйина, СМИ-хь зорбатоьхна материалаш. Конкурсана юкъа ца юьту Iилманан-методикин статьяш, комментареш, кхетораш.

Конкурсана заявкаш дIало http: IIvoda, org.ru сайтехула («конкурсаш» декъе).

 № 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: